ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со новкъавалале кхеро дагахь хиллера уьш"


Козловский Олег, Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацин белхахо
Козловский Олег, Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацин белхахо

ГIалгIайчохь ша лачкъийна вигарх дуьйцу Amnesty International организацин белхахочо

Нохчийн, гIалгIайн дозанаш къастийначул тIаьхьа протест кхайкхийна, Магасехь митинге бевллачу нахаца цхьанакхета вахна Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацехь болх бен Козловский Олег, экстремизмца къийсам латточцу Центрера ду шаьш аьллачу наха лачкъийна дIа а вигина, йиттина, тIехь ницкъ бина хиллера цунна.

ГIалгIайчоьнан шахьарехь Магасехь митингехь лаьттачу нехан терго латтош хиллера иза кху беттан 5-чу дийнахь дуьйнна. Козловскийс дийцарца, шолгIачу дийнахь иза дIатарвеллачу хьешан цIийне цхьа накъост веанера, ша митинг кхайкхийначех цхьаъ ву аьлла. Цуьнца цхьана машена а хиина, дIаваханера иза.

Цо дийцарехь, гIалел ара а ваьккхина, дегIаца цхьалха а ваьккхина, вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсинера цунна. Ша лачкъийна вигинчаьрга хIуммаъ ца дийцинера Козловскийс, цул тIаьхьа Къилба ХIирийчуь дIа а кхетийна, аэропортна гена воццуш охьатеснера иза.

ГIалгIайчуьра дIавахара иза. Ткъа цо болх бечу Amnesty International организацино дIахьедина, динчу зуламах шаьш "Оьрсийчоьнан хьакъйолчу органашка" дIахьедар дина аьлла.

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила кехат дахьийтина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун а, ницкъаллийн структурийн а цIарца.

Оьрсийн "Маршо Радио" гIирсе дийцина Козловский Олега, муха маца хилира и дерриг а.

- Кху беттан 6-чохь хилла ду и дерриг а. Москох юхавирзинчул тIаьхьа сан къамел хилира сайн белхан накъосташца а, адвокаташца а, кхечу бакъонашларъяран организацийн векалшца а. Тхан бартхилира, цхьана ханна со Оьрсийчуьра дIаваха веза аьлла, хIунда аьлча, суна а, сан доьзална а кхерамаш тийсинера цу наха. Тахана со а, сан доьзал а кхерамна юьстах ду, цундела долчух ма дарра дийца таро ю-кх вайн.

- ХIун Iалашонашца ваханера хьо ГIалгIайчу?

- Дуьненаюкъарчу амнистин талламчан миссица вара со ГIалгIайчохь. Оха дIахьош талламаш бу адамийн маршонца боьзна, муха тIеоьцу Оьрсийчохь кеп-кепара акцеш а, протесташ а, ницкъ бой-те адамашна тIехь, я дозанаш деттий-те маршонна, зуьйш. Со Магасе варан бахьана дара - цигахь юьйлаеллачу митингна тIехь терго латтор. Цигахь дерриг а низамашца дуй хьажа, ницкъ дуьхьал а ца боккхуш.

- Хьайн хеттаршна жоьпаш карийрий хьуна?

- Хала хеташ делахь а, карийра. Аьлча а, Магасехь сан хилла ойланаш дика яра. Протестхошна а, полисхошна а юкъахь дукха дика юкъаметтигаш тасаеллера. Со лачкъийна виггалц дика дара гуш долу сурт. Цхьана а кепара къепе йохош инцидент ас ца лецира. И исбаьхьа сурт дохош санна нисделира со лачкъйина дIавигар а, соьца оцу муьлш бу ца хуучу наха лелина шогалла а.

- Дикка зен-зуламаш динера хьан могушаллина? Цул тIаьхьа лоьрийн дарба ийширий хьуна?

- ПIенда кагбинера сан. Кхи а доьхна гIуллакх нисдала тарлора. Делахь а церан Iалашо яра со кхерор. ПIенда кагбар – там боцу хIума ду, делахь а, иза-м меттахIуттур. Цкъачунна цхьацца молханаш а ю сан моьлуш, дерриг дIанислур ду.

- Хьо верзина а ваьккхина, хьайн суьрташ дехира боху ахь цара. Уьш зорбане дохур ду бохуш, кхерамаш тийсирий хьуна?

- ХIаъ! Кхи фантази ца тоьъначех тера ду церан. Со цхьалха а ваьккхина, массо агIор а буьйлуш дехира цара сан суьрташ. Шайгахь соьга болх байта цхьа йоккха компромат шаьш лаьцна моьттура царна.

- Кхи дIа хIун дан дагахь ву хьо, хIара ситуаци йирзича?

- Москох юха а веана айса хIинццалц беш хилла болх бийр бу ас. Иштта дуьтур дац ас царна цара динарг. Таллам а бина, бехкенаш кара а баьхкина, царна таIзар даллалц юхавоьрзур вац со.

- ГIалгIайчохь митингехь лаьттачара билгалдоккху, протестийн акци йола а ялале, экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦЭП) белхахой жигархошна тIаьхьабеввлла лелаш хилла бохуш. ТIаьхьо, цара бахарехь, севцира уьш. Хьо хьуьнха а вигина, йиттинчу наха Магасерчу митингех а, Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларх хIуммаъ хьахирий хьоьга?

- Хьахийра. Церан къамелан коьрта тема ца хилла хила а тарло латтанаш, митинг, амма цара дийцира соьга, оцу митингехь лаьттарш маргиналаш а, балхахь боцу нах а, къуй а, ишта цу тайпанаш а бу алла. Делахь а, нийсонехьа арабевлла нах бу уьш бахара цара. Доккхачу декъанна, майданахь долчул а интересе дара царна со хIун лелош ву хаа. Бакъду, ГIалгIайчохь дика юьйцуш яц и Центр "Э". Масех бутт хьалха цуьнан хиллачу куьйгалхочунна а, цуьнан белхан накъостащна а, со харц вацахь, 7 шо сов хенаш йиттина набахтехь яккха. Нах идош, бойуш, зуламаш лелош хилла цара.

- Хьо лачкъийначу наха шаьш довзийтирий? Цхьана а агIор уьш бовза таро юй-те?

- Уьш бовза атта хир дац, хIунда аьлча, хикисеца лечкъийна яра церан яххьаш, коьртахь кепканаш яра церан. Цул совнах Iаржъеллачу хенахь а дара и, церан яххьаш ца къаьстира суна. Цхьахволчо "Юсуп" аьлла цIе яьккхира уллорчун. Суна ца хаьа, бакъйолу цIе яра иза я шаьш тиллинарг яра. Кхи цхьа хIума а ду, сан бедарш тIехь церан пIелгийн таммагIаш дисина. Нагахь талламаш беш хилахь а, суна хетарехь, хала хир дац уьш гучубаха.

- Хьуьнчуьра БуьритIерчу аэропорте хьо вуьгучу хенахь, цхьана а блокпостна тIехваьккхирий хьо? Шун машен саца а йирий цхьанхьа а?

- ТIехьарчу охьахоийлитIехь Iуьллуш вара со. Капюшон тIетиллинера цара суна, цундела суна гуш дацара гонах дерг. Машен масийттазза сацайора, амма неIарш ца йоьллура. Тамашен хIума дара и, цу регионерчу республикашна юкъахь дуккха а ма ю блокпосташ.

Нагахь блокпосташкахь сецош хиллехь а, дика ка йолура церан тIехбовла. Машенех хIора рожехь хьовсуш Iедал ма ду цигахь, шеконе, хикисца яххьаш йихкина нах машенахь хилча-м муххале а.

- Некъан билет айхьа эца дийзира хьан БуьритIехь?

- Хьалхе дуьйнна эцна дара сан билет оццу рейсца дIаваха дагахь. Ма дарра аьлча, новкъавалале со кхеро Iалашо хиллер-кх церан.

Материалан автор Крутов Марк

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG