Хьаша хелхаваккха вай? (кицанийн лорах)
Хьаша-да веза вара. "ХьастагIа со волчу веъначу хьешо", олий, доладора пхьоьханахь къамел. Стаг жималлехь дуьйна Iамавора "тIевогIург" лара. "Хьаша вагIахь а", олий, лелабора хIусамнанас кхача. Къонахчо кхерч а ца бугIура хьешан цIа доцуш. …Карладаккха вай лелларг, хелхаваккха вай веза хьаша!
