Соьлжа-ГIаларчу берийн бешахь хьехархочо йиттинчу 6 шо долчу кIентан могушалла цхьатеррачу тIегIанехь ю аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу могушаллин министралло. Берийн бешан белхахо балхара дIа а яьккхина, цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх талла долийна. Цкъачунна лоьрийн тергонехь латтош ву и кIант хIинца а, кху кIиранах дарбан хIусамера араваккха тарло аьлла могушаллин министраллан векало.
Маршо Радионо хьалхо яздира, коьртан хье лазийна Нохчийчуьрчу дарбан цIийне 6 шо долу бер кхачорах. Болчу хаамашца, Соьлжа-ГIаларчу цхьана берийн бешахь цунна тIехь Iуналла дан хIоттийначо йиттина хиллера цу кIантана.
Прокуратурно дийцарехь, хIиттийначу видеокамераша дIаяздина хиллера, берана еттар. Иштта гучудаьлла, хьехархочун говзалла а йоцуш иза болх беш хиллийла цу берийн бешахь.