ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Белхазалла 2 % охьаяьлла Нохчийчохь


Карарчу шарахь Нохчийчохь лаьттина белхазалла 2 проценте охьаяьлла аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Карарчу заманчохь республикехь 252 миллиард соьмана кхочушъеш 485 инвестицин проект ю, уьш бахьана долуш 20 эзар вахархочунна белхан меттиг нислур ю аьлла, дIахьедина Кадыровс.

"Ишта тидаме эца догIу, кху шарахь махкахь белхазалла шина проценте лахъелла хилар а", - билгалдаьккхина мехкан урхалхочо. Цо дийцарехь, Нохчийчохь бизнес кхиорехь доккха дакъа лаьцна Iаьрбийн структураша.

Ишта Кадыровс тIечIагIдина, регионерчу экономикан массо а сферашкахь хьал кхуьуш хилар.

Дагадоуьйту, Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс дIакхайкхира, Къилбаседа Кавказан регионашкахь Оьрсийчоьнца дуьстича белхазалла шозза лакхара ю аьлла.

XS
SM
MD
LG