ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс къайладаьхьна лецарш


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Шаьш хIаллаквинчу 18 "тIемалочух" дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Ткъа уьш-м хила тарло кхи а алсам.

Карарчу шо доладелчхьана Гезгамашин-батте кхаччалц Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу белхан жамIаш довзийтина Кадыров Рамзана. Урхаллан коллегин кхеташонехь мехкан куьйгалхочо дIакхайкхорца, "гIаттамхойн" могIарехь лаьтташ хилла аьлла, 18 стаг вийна полисхоша.

ТIейогIучу хенахь а иштта самонца болх бе аьлла, полисхойн коьрта Iалашо билгалъяьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс далийначу терахьаша шеконаш кхуллу, хIунда аьлча, цу кепарчу мехкан куьйгалхочо, я министраллан урхалхочо дечу дIахьедаршкахь, берш хIаллакхбинарш а, лецнарш а лоруш хуьлийла цахиларна. Цул совнах, церан дхьахьедаршкахь "тIемалой" алар цхьа къаьсташ йоцуш термин санна хуьлу: полисхойн некъ хидийначу хьаннах а ала тарло цара "тIемало", я "гIаттамхо".

Амма мухха делахь а, республикехь "тIемалой" хилар чIагIдарца, дуккха а шерашкахь уьш эша ца балуш, шайн ницкъаш ледара хилар гойту Iедалхоша.

Масала, тамаш бу статистикехь цара гайтахь, махкарчу полисхойн дакъошкахь бакъо йоцуш лецна латтош берш.

Цаьрца ву Сулейманов Iабдул-Малик а, Эльбиев Мухьаммад а, Ичаев Iарби а, Орцуев Шемал а.

Карарчу беттан 5-чу дийнахь Висмурадов Абузайда ("Патриот") куьйгалла дечу "Терек" СОБР-о дIабигина бу уьш, йозуш йоцчу хьостийн информацица. Соьлжа-ГIаларчу Октябрск кIоштахь, шаьш кегийрхой бехачу хIусамашкара сатосучу хенахь 3 сахьт даьллачу заманчохь дIалехьийна бу уьш.

Цу кепехь лечкъийна дIабигначийн гергарчарна Iаламат хала ду шайн доьзалшца уьйр таса.

Полисхоша тIехь ницкъ а беш, тIелоьцуьйту цаьрга доцу бехкаш. Ткъа Iедалхоша кхерамехь латто церан гергара нах ца хIуьтту шайн доьзалх информаци яржо. Айкхдийлар бахьана долуш шайн доьзалшна кхи тIе а шаьш зулам дарна кхоьру уьш.

"Кавказ.Реалии" порталан хаамашца, лаьцна 4 кIант Соьлжа-ГIаларчу Октябрскан кIоштан полисхойн декъехь латтош ву. Ткъа и информаци бакъян, я харцъян дуьхьал хилира полицин декъехь.

Дукха хан йоццуш ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар динера аьлла, кегийрхой дIалехьочу юкъанна лецна хила а тарло хIара кегий нах. Марсхьокху-беттан 20-чохь Iуьйранна Нохчийчохь полисхошна тIелатар дина аьлла, даржийра зорбанаша. Официалан версица, пхиъ хиллера тIелеттарг, уггар воккхахволчун 18 шо, жимачун 11 шо а долуш. Полисхоша герзаш тIедиттина, байира уьш берриш а.

"Кавказ.Реалиин" хьостийн информацица, вийначу МусаевгIеран шина кIентан да-нана декхаредира мохк дIатаса. Ткъа вийначу шолгIачу Ахматовн да Шела-кIоштарчу полисхойн декъехь латтийра масех кIиранах, цул тIаьхьа Шелара шайн хIусамара арабовла дийзира церан доьзалан а.

Тарло Сулейманов а, Эльбиев а, Ичаев а, Орцуев а кхин а хьалха кхиазхой дIалоьцуш йолийначу рейдашкахь лецна хила а. ХIетахь дуьйцуш дара, карарчу шеран Гезгамашин-беттан 23-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц Шела кIоштан урамашкара 150-200 жимстаг дIа а лаьцна, сахьташкахь цаьрга бартхаттам бинера бохуш.

Ишта лецарш дIадаьхьира полисхоша Куьршалахь а, Устрада-ГIалахь а. Кегийрхойх дукхахберш дIахийцира муфтиято а, полицин белхахоша а "кхетош-кхиоран болх" цаьрца дIабаьхьначул а тIаьхьа.

"Кавказ.Реалии" портале Саратова Хедас дийцарехь, лаьцна ву бохучу веаннех цхьа а вац Октябрскан кIоштарчу полисхойн декъехь латтош. Оцу хаамо сингаттам латтабо, хIунда аьлча, стаг латто меттиг къайлаяхьаро, хIоьттина ситуаци кхи тIе а кхераме а, чолхе а йоккху оцу лаьцначунна.

Нохчийн полисхойн практико гойтуш ду, цу кепарчу къайладахьарца, адвокатца а, шайн гергарчаьрца а цхьанакхета бакъо ялале, шайн каравеанчуьнга нуьцкъаша тIелоцуьйтуш хилар цара муьлхха а бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG