ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьо ен йиш ю сан, суна цхьаммо а дуьхьало йийр яц"


Доьзалехь къизалла латторах юхадаьккхинчу низамо хIун хийцина?

"Хьо ен йиш ю сан, суна цхьаммо а дуьхьало йийр яц" аьлла цIе ю Human Rights Watch организацино арахецначу рапортан цIе.

Бакъонашларъярхоша Iорадаккхарехь, доьзалехь гIело латторна дуьхьал даьккхина низам юхадаьккхинчул тIаьхьа тIаьхье Iаламат негативе го цуьнан: Оьрсийчохь ситуаци хаъал эшна йогIу.

"16 шо долчу хенахь ядийна йигира со, тIаьхьа лета иза сох"

ХIинжа-ГIаларчу боккхачу доьзалан нанна Магомедзагирова Баретан социалан центрах денцIа тарделла. Кхо шо хьалха цу чу иккхина иза, яха йиссира.

Кавказехь леллачу ширачу ламастца а догIуш, цуьнан 16 шо долчу заманчохь дуьххьарчу цуьнан цIийндас ядийна маре йигинера иза. Дахар нис ца делира цигахь – майра леташ вара цуьнан.

ШолгIачо а еттара.

"Доккха бахьана ца оьшура цунна сох лата, со доьзалхочух йолчу хенахь а ца кхоайора цо со, - дуьйцу Барета. Кийрахь волчу хенахь цо еттачу хенахь лазийна ву сан воккхахволу кIант".

ИссолгIачу баттахь кийрахь делира цуьнан бер. Цул тIаьхьа витира цо тIехь Iазап латто цIийнда.

Баретан кхо йоI санаторехь ехаш ю. Ша хьегначух шен зудабераш лардархьама, хIуъа а до зудчо.

"Сайн аьлларг хилча божабершца йолчу уьйрах лардийр дара ас сайн бераш. Салам ала а ца лаьа суна сайн мехкарша божаршка".

Монаш къайладахархьама

Уфара Захар Евгения тату еш говзанча ю. ХIусамехь гIело лайначу зударша гIо доьху цуьнга. ЦIийндайша етташ, тIехь диссина монаш дIадахийта оьху и кегий зударий иза йолчу. Денна бохург санна телефонаш етта шега тIаьххьарчу заманчохь боху Евгенияс.

"Полицига орца ца доьху цу зударша – я кхоьру уьш, я цаьргара гIо кхочур дара аьлла дегайовхо яц церан. ХIусамехь ен гIело ма ю и, Оьрсийчохь цуьнан терго янне а ца йо", - боху Евгения.

"Къиза истореш хеза суна цаьргара, цкъа а дагара-м евр яц уьш оцу зудаберашна, делахь а, монаш ца гича мел а дайлур дар-кх царна", - бохуш, дуьйцу татун ечу говзанчо.

Human Rights Watch организацино дIахьедарехь, Оьрсийчохь хIора 5-гIа зуда ю доьзалехь божаршкара Iазап ловш.

Хаттам бинчу зударша дийцина, садукъош, буйнаш бетташ, дечиган а, аьчкан а серашца етташ, герзаца кхерамаш туьйсуш, хьийзош, балкона тIера чу кхуьйсуш, цергаш бухйохуш, гIело латтийна шайгахь бохуш.

Бакъонашларъярхошна хетарехь, пачхьалкхан Iедалхоша лело харц политика бахьана долуш хуьлу зуламаш ду уьш.

Оьрсийчоьнан Думано 2017-чу шарахь хIусамехь къизалла латторна бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхар юкъара а доккхуш, таIзар дар хийцира гIуда тохарца. Цул тIаьхьа доьзалехь ницкъбар кхин а шозза совделира.

Цул совнах, гIуда бехкечунна тухуш делахь а, и такхар доьзалан юкъарчу бюджетера хуьлу.

Абсурде хьал ду: зудчунна еттар а хуьлу, юха тIехула тIе ахча а цуьнан дала деза.

ХIусамехь бала хьоьгу зударий тIелоцучу центрашкарчу хьолан мах а хадийна бакъонашларъярхоша. Европан Кхеташоно бахарехь, доьзалехь ницкъ бечу зударшна лачкъа 14 эзар меттиг оьшу Оьрсийчохь

Ткъа карарчу хенахь ерриг а Оьрсийчохь 434 меттиг бен бац.

Оригиналан текстан авторш:

Мукменов Равиль

Филиппова Александра

Омаров Халид

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG