ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Associated Press: тIаьххьарчу 4 шерачохь 57 эзар мухIажир велла я тIепаза вайна


Associated Press агенталлан (AFP) зерашца, тIаьххьарчу деа шерачохь 57 эзар гергга мухIажир велла, я лар йоцуш вайна. Европе кхелхачу Африкан а, Юккъерчу хIордан а мехкашкара бу царлахь дуккхаберш, 20 эзар гергга, масала.

Бакъду, Европан регионел а арахьарчу пачхьалкхашкахь оцу сферехь баларш дагардеш дац, цундела терахьаш мел а лахара хила тарло, чIагIдо агенталло.

AFP-н статистикаца, доккхачу декъанна нах уьду тIамах, мацаллех, белхазаллех. Кхечу мехкашка дехьабуьйлучу заманчохь дукхахберш хIаллакхуьлу гIум-аренашкахь, я хIордо дIатекхабо, я леш бохка-оьцучийн карабоьлху.

Марсхьокху-бутт бовчу хенахь Италино тIелаца дуьхьало йинчу Африкерчу мигранташа дIахьедира, шина шарахь Ливехь контрабандистийн йийсарехь хан яьккхира шаьш аьлла.

Хьийзинера мухIажирш, церан гергарчу нахера мах боьхуш хиллера уьш маьршабохург. Мигранташ нуьцкъах лелийна хилар тIачIагIдинера хIетахь Европерчу лоьраша а.

2015-чу шарахь Германин канцлер Меркель Ангела инициатор елира, Евробертан пачхьалкхашка Шемара а, Африкера а, Гергарчу Малхбалера а мигранташ тIеэцар доьхуш.

ХIетахь ООН-ан терахьашца, цхьана эхашерачохь 200 эзар гергга мухIажир Юккъера хIорд а хадош Европе дехьавелира.

Цул тIаьхьа кхин а лакхаделира мухIажирш буьулучийн терахь: 2016-чу шарахь 1 миллион стага Евроберте тховкIело йоьхуш дехар дира, царех ах сов Германина кхечира.

Стохка Евроберто тховкIело елира ах миллион сов стагна, ткъа 60 процент гергга Германино чувитира.

Iедалхошна кест-кеста гучуюьлура харцонца тховкIело йоьху меттигаш: харц кехаташ гойтура цара, бакъ йоцу информаци лора шайн хенах, шаьш схьадевллачу меттигах а.

Кху шарахь Стигалкъекъа-беттан 29-чохь Венгрин Iедалша низаман проект тIеийцира, нелегалан мигранташна гIо латтийнарг набахте хьажош цхьана шарна.

Мангал-беттан чакхенехь 629 мухIажир тIехь волчу Aquarius хIордкемана Испанино бакъо елира Валенсин порте чубахка. Хьалхо Италино къахкийнера уьш, чу ца буьтуш.

Гезгамашин-баттахь немцойн Хемниц гIалахь цха могIа протестийн акцеш дIаяьхьира Германи мухIажирш чубита луучара а, дуьхьалончаша а хIиттийна. ГIалин урамашка ваьллера 4,5 эзар вахархо, шаьш мигранташна дуьхьал хилар дIакхайкхош.

Царна дуьхьал лаьттира 3,5 эзар "Цабезаман метта дог" цIе йолчу митинган декъахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG