ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра автоинспектор ведда, Зеленокумскехь некъахьовзамехь стаг а вийна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Ставрополан махкахь Toyota Camry машенна урхала деш хиллачу ГИБДД-н инспекторо, Зеленокумскехь тIе машен тоьхна, вийна некъ тобеш хилла белхахо. Цул тIаьхьа, РЕН ТВ-но бинчу хаамца, дуьхьал лелхаш полисхой а болуш, чекхйиккхина иза некъан полицин постана.

Эххаре а ГИБДД-н белхахошна кхоьссина йитина карийна хьалхе йохийна йолу машен. Цу чохь карийна тапча а, тапчин патарманаш а, полисхочуьнан духар а.

Социалан машанакахь яздарехь "учетера" дIаяьккхина хиллачу машена чохь 4 стаг хилла, уьш нохчийн "гаишникаш" бу, Зеленокумскехь, машен тIе тоьхна стаг а вийна, къайлабелла. Цхьаболчу хаамашца, цхьа стаг лаьцна 3 лоьхуш ву.

РЕН ТВ компанино дийцарехь, Нохчийчохь полице еана ГИБДД-н белхахочуьнан нана а, цуьнан адвокат а. Цара дийцарехь, некъахьовзам хуьлуш машенна хьалха хиина хилла стаг хилларг къасто ваха кийча ву Зеленокумске.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG