ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь оьрсийн эскаршна тIелеттачарна дина таIзар хийцаза дитина


Масхадов Аслан а, Басаев Шемал а
Масхадов Аслан а, Басаев Шемал а

Нохчийчохь эскархошна тIелатар динчу Крымшамхалов Юсупан а, Деккушев Адаман а хьокъехь Лакхарчу кхело шайн сацам хийцаза бити. 1999-чу шарахь Нохчийчохь оьрсийн эскархой байина аьлла бехкевинчу цушинна тоьхначу яккхий хенашна адвокаташа дина арз къобал ца дина суьдхоша, яздо "Коммерсанто".

1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскархойн коврана тIелатарна набахтехь даккха 12 а, 8 а шераш кхачийнера Деккушевна а, Крымшамхаловна а. Талламчаша чIагIдарехь, оьрсийн эскаршна кIело а йина, хьалхара а, тIаьххьара а машенаш лелхийтина, юккъехь йисинчарна тIе герзаш диттинера цара. Авиабазера гIо кхачарна йоллу колонна хIаллакъян аьтто ца хиллера церан. Делахь а 15 стаг вийра, 28 чевнаш йира цу летаршкахь. Кеп-кепарчу хьосташа яздарехь, 400 гергга стаг хиллера тIелеттарг.

Гуьржийчохь дIалецира Крымшамхалов а, Деккушев а. Гуьржаша Оьрсийчоьне дIавеллачул тIаьхьа кхел йолийра цушинна тIехь. 1999 -чу шарахь Москох а, Волгодонскехь а теракташ деш, цIенош лелхийтарна 2004-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш тоьхнера цушинна.

ТIаьхьо кхи цкъа а дов хаьттира цушинга эскархошна тIелатарх. ТIаьххьарчу кхелахойн сацамца а догIуш, валлац набахтехь латтор ву Крымшамхалов а, Деккушев а.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG