ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конгрессан харжамаша гойтур ду мел тешам бу Трампе


 Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Лахьан-беттан 6-чохь (тахана) Конгрессан декъашхойн харжамаш хир бу Iамеркехь.


Лахьан-беттан 6-чохь (тахана) Конгрессан декъашхойн харжамаш хир бу Iамеркехь. Цунна хьажийна материал кечйина Вашингтонехь вехачу журналисто "Маршо Радион" оьрсийн сервисан авторо Абаринов Владимира. Цуьнан коьрта чулацам иштта бу.

Цхьана а Iамеркан президентан аьтто ца баьлла цо цу даржехь йоккху хан юккъеяьлча хуьлучух харжамех эшам а ца хуьлуш чекхвала. Ткъа кхин а чIогIа иза хьакхалуш ду Конгрессан шина а декъехь алсам векалш болчу Республикан партин цIарх волчу Iамеркан президентах.

Амма Трамп Доналд тешна ву ша Iамеркан исторехь ша-тайпа хилам хиларх. Иза хадам боллуш дагахь ву, иштта хуьлург кагдан.

Ма дарра аьлча, Трампа президентан даржехь даьккхина ши шо дара харжамийн компанийн рожехь. 2016-чу шарахь харжамаш дIабирзича, "толаман турне" дIаяьхьира цо Iамеркан гIаланашкахула а, ярташкахула а. ТIаьхьо эзарнаш цуьнан агIончаша дакъалоцу митингаш хилара цу махкахь, президентан халчу муьрехь гIортор еш.

Конгрессе кхаж тосу хан тIекхочуш хIора денна масийтта митинг дIахьора Трампа нисса дIа эропорташкахь, кхин а кеманан лами тIера охьа ца вуссуш.

Прессица хуьлуш долу цхьаьнакхетар хилара кхиамаш буьйцучу а, Iамерка сийлахь ян ца луучу наха цунна новкъарлонаш еш хиларх лаьцна дуьйцучу а кепехь. Президенто шен дуьхьалончаш гайтара халкъана лаамна генахь болу нах санна.

Талламаш гойту Лахьана-беттан 6-чохь кхаж таса баха кечбелла цкъа а ца хиллачу кепара дукха Iамеркхой хилар. Харжамийн каппаш баха мегаш бу наггахь а кхаж таса ца боьлху нах а.

Демократин праймеризаш гайтина партин куьйгалхоша хьалхатоьтту нах чекхбевлла ца хилар. Политикана юкъабахна жимачу къаьмнийн векалш а, зударий а, кегийрхой а. Демократин партин цIарх бу 41 процент кIайн кандидаташ. Цу партин векалш лууш бац Трампана дика хетачу Iамеркехь баха.

ТIаьххьара рейтингаша готу къийсам дIахьош берш нисса бIостанехьа политикан ойланаш йолу нах хилар.

Аризона штатан цIарх Сенатан декъашхо вара дукха хан йоццуш кхелхина Маккейн Джон. ХIинца цигахь харжамашкахь тIамана дуьхьал акцешкахь жигара дакъалоцуш хилла борша стагца доьзал кхоьллина вехачу демократца Синема Кирстенца сенаторан дарж къовсуш ю тIеман кеманан пилот хилла, Иракъехь а, ОфхIанистанехь а тIемашкахь дакъалаьцна республиканхо Максалли Марта. Цигахь мила тоьлар ву ала хала ду.

Джорджия кIайн а, Iаьржа а нах бекъабелла бахаран чIагIо а хилла лаьттина штат ю. ХIинца цигахь губернатор харжа мегаш ю афроIамеркахо Абрамс Стейли. Миннесотехь а, Мичиганехь а Конгрессан лахарчу чоьнне харжа мегаш бу бусалба зударий.

Сициологаша дуьйцург тидаме эцча, Сенате дукхах берш харжа мегаш бу Республикан партин векалш. Амма векаллийн чоьнехь (The United States House of Representatives) уьш (Республикан партин векалш) кIезиг хила мегаш бу.

Дукхаха болчу Iамеркахошна дика хета Iедалан а, парламентан а декъашхой тайп-тайпанчу партешкара хилар. Политикаш вовшашца маслаIат лаха буьйлало, шайн бвла кхин меттиг ца хилча. Цхьа парти куьйгаллехь хилар сацар ду, рогIерчу президентан харжамашкахь эшаме доьрзуш долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG