"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйрашкахь хилла Соьлжа-ГIалахь эккхийтар дина зуда-Iожалхо аьлла, дIахьедина махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата.
Маршо Радионо яздира, дахначу шоьтадийнахь Старопромыслан кIоштарчу некъан полисхойн декъана герггахь ша шен эккхийтар дарх жимчу зудчо. Велла, лазийна стаг а вац я полисхошлахь а, я маьршачу бахархошлахь а.
Iожалхочун цIе билгалъяьккхира Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цуьнгахь хиллачу кехаташца. 25 шо долу Адыгейра яхархо Спиридонова Карина хиллера иза.
"ДаIишхойн хатI ду иза. Кхи мила ву ша шен лелхийтарш деш?", - аьлла Умаровс. Регионехь кхераме, гIоьртина хьал ду аьлла сурт хIотторхьама дина зулам ду иза аьлла, тешна ву министр.
"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша цкъачунна дина дIахьедар дац Нохчийчохь Iожалхочо динчу эккхийтарх.