ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь ГIалгIайчуьра студенташ дIалецаран бахьана довзийтина


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтина гIалгIайн пхи студент Мисарахь дIалацаран бахьана. Царна хетарехь, оцу пачхьалкхехь еххачу ханна хила бакъо а йоцуш, доьшуш хилла цара.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Мисарахь ГIалгIайчуьра пхи студент дIалацарх кху беттан 7-чохь Iорадаккхарх. Кхо бутт гергга хан ю уьш дIабигина, амма тахана а церан кхолламах хууш дац аьлла, дийцинера цхьахволчун йишас. Каирерчу оьрсийн консулалле инцидентах официалехь бина хаам ца хиллера, кегийрхойн гергарчара хаийтинчул тIаьхьа бен, шайна хиъна дац аьлла министраллехь.

Ишта гергарчу заманчохь Мисаран Iедалхоша шайга цхьа информаци кхачор ю аьлла догйовха ду шаьш аьлла, жоп даийтина Оьрсийчуьрчу арахьарчу гIуллакхийн министралло "Кавказан узел" агенталле.

"ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьнан бахархой Мисарахь дIалоьцу, туристийн визашца цига а боьлхий, меттигерчу миграцин низамаш лар ца дарна", аьлла урхаллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG