ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Яблоко" партин дакъа дендина Нохчийчохь


ДӀадахначу кIирандийнахь, Лахьана-беттан 18-чохь, Нохчийчохь конференци хилира "Яблоко" партин меттигерчу декъан. Цуьнан декъашхоша хаьржира керла куьйгалхой. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.

"Яблоко" партин республикерчу декъан коьрте хаьржина нохчийн а, оьрсийн а меттанийн хьехархо 59 шо долу Ибрагимов Ризван. Цуьнан когаметтанаш бу Цуруев Шарип а, Хасмагомедов Эдильбек а, Газиева Алпату а.

Поэт Цуруев Шарип а, "Яблоко" партин куьйгалхочуьнан когаметта Рыбаков Николай, а Ибрагимов Ризван а.
Поэт Цуруев Шарип а, "Яблоко" партин куьйгалхочуьнан когаметта Рыбаков Николай, а Ибрагимов Ризван а.

Верриг а "Яблокон" партин декъашхо ву Нохчийчохь 56 стаг. Цу партин федералан кхеташонан гIаьнтдас Слабунова Эмилияс дийцарехь, 2004-чу шарахь кхоьллина церан Нохчийчуьра офис дIа ца къевлинера, цо цхьана ханна сацийнера шен болх.

Ткъа кхерам буй Нохчийн Республикехь оппозицин партин векалшна, бохучу хаттарна цо жоп делира Слабуновас проблемаш Оьрсийчоьнан ерриг а территори тIехь хуьлу шайна аьлла.

Бехктакхаман гIуллакхаш долор а, балхара дIадахар а, сий дайа гIертар а могIарера хIуманаш а хилла дIахIиттина шайна, ткъа Нохчийчоь санна йолчу регионехь кхерам кхузза лакхара бу. Делахь а, къонахалла йолу шайн накъостий кийча бу республикерчу бахархойн бакъонаш ларъян, - бохуш яра иза.

"Кхерам хиларх кхеташ болу, амма хуьлуш долчуьнга сатухуш хьоьжур боцу кхиъна бевлла нах бу уьш. Эхь-бехк хиларо ца дойту цаьрга иза", - элира "Яблоко" партин хьалханчо.

Политико дуьйцу, Титиев Оюб дIахецийта гIерташ Путин Владимире шозза дехар дина ша бохуш.

Кавказ.Реалиино яздарехь, "Яблокон" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Ибрагимов Ризванна хезна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а оппозицех лаьцна, уьш халкъан мостагIий бу аьлла, дина дIахьедар. Делахь а цу гIуллакхо ша ца кхерийна, боху цо.

Кадыровс аьлларг ца лайна пикете араваьллера "Яблокон" хьалханча хилла Митрохин Сергей. 2006 шо.
Кадыровс аьлларг ца лайна пикете араваьллера "Яблокон" хьалханча хилла Митрохин Сергей. 2006 шо.

"ХIуъа хилахь а массо а адамаша лоруш дерг толийта хьажа веза. Массо а ду вай Делан кхелаца лелаш. Мухха нислахь а, кхетамца тIеэца деза тахана долу хьал", - тешна ву Яблоко партин Нохчийчуьрчу декъашхойн керла хьалханча.

Цунна диц ца делла "Яблоко" Нохчийчохь хиллачу тIемашна дуьхьал хилла хилар.

Ибрагимовс реза хиларца тIеэцнера "Яблоко" и партии кхоьллинчхьана.

"Къаьхьа къемат де дара! Дукхахберш бист ца хуьлуш Iад Iаш бара, амма яцара - "Яблоко". Явлинский Григорий реза ца хилира Оьрсийчоьнан Iедална юкъаваха – тIом сацабе, и тIом баьккхинарш дIабаха, бохура цо", - дуьйцу Ибрагимовс.

Цхьацца мероприятешкахь ша масийттоза цхьаьна хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца бийца мотт карор бу шена аьлла хета цунна.

Ша тешна ву, бохуш вара иза, тахана дуккха а неха Кадыровх лаьцна харц ойла кхоллаелла бохучух. Ша Нохчийчохь вехаш ву, дерриг а гуш а ву, цхьацца мероприятешкахь къамел а хилла шен Кадыровца, дуьйцу "Яблокон" Нохчийчуьрчу декъан керла хьалханчо.

Ибрагимовна хетарехь, муьлхха а Iедалца бийца мотт каро аьтто бу. Ткъа Нохчийчохь "Яблоко" партин декъашхой дагахь бу кхаьънаш эцарца а, Iедалхойн бюрократица а къийсам латто.

Адамийн бакъонаш а, хьаштонаш а ларъяр ду шаьш "Яблоко" партех дIакхетаран бахьана, боху политико. "Нагахь цхьаммо низамца доцург цхьанца лелийнехь, шайн декхар ду хьалагIаьттина "хIа-хIа" алар",-боху Ибрагимовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG