ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акцеш бахьанехь чолхе хьал кхайкхо мегаш ду Францехь


Париж, Франци.
Париж, Франци.

Дуьхьалонан акцеш совцо Iедалан болчу берриг аьттонех пайда эца мегаш бу Францехь, шайна юкъахь чолхе хьал юкъадаккхар а долуш. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, официалан дIахьершна тIе а тевжаш.

КхоалгIа кIира ду цу махкахь бензинна а, мехкадаьттана а мехаш тIетохарна а, ял яккхар алсамдаккхарна а реза боцчу наха дуьхьалонан акцеш дIахьо. Шотдийнахь цу акцешкахь дакъалоцуш вара 75 эзар стаг.

Парижехь демонстранташ дIасалохкуш полицино пайда эцна чхьонкарех а, хи тухучу машенех а, бIаьрхиш оьхуьйтучу газах а. Эшам хилла ву 110 стаг. Царах 20 ву полицин белхало. 300 сов демонстрант лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG