ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iедалан партин" позицеш лагIлуш ю Оьрсийчохь


"Цхьааллин Оьрсийчоь" партигахьа а, цунна духьал а болчу бахархойн терахьаш герга ду вовшашна, боху ша бинчу талламан жамIехь "Левада-Центро". 47 %-на гарехь, тоаме бу партино бохьу пайда, 44% - реза яц.

Оьрсийчоьнан бахархойх 65% къобалбо Путинан а, "Iедалан партин" а болх. Ткъа Путинна резабоцучу нахах 83 проценто аьлла шаьш реза дац "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино бечу балханна, билгалдоккху социологаша.

Ши бутт хьалха чекхбевллачу харжамашкахь "Iедалан парти" эшна пачхьалкхера хьал талхар бахьана долуш, аьлла хета хеттаршна жоьпаш деллачу нахах 38 процентна. 29% хетарехь, харжамхой реза бац Iедална. "Левада-Центрна" хIора веаммо делла жоп ду, меттигашкахь ледара къахьоьгу "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" векалша, аьлла.

Гезгмашин-баттахь хиллачу харжамашкахь 49% кхаьжнаш схьаийцира "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино. Дукхахйолчу регионашкахь ца яккхаелира цуьнга хьалхе. Ткъа еа регионехь шолгIачу туре бевлча а ца туьйлира оцу партин кандидаташ. Хабаровскехь, Владимирехь тоьлла ЛДПР, Хакасехь – компарти.

Нагахь санна гергарчу кIирандийнахь харжамаш дIахьош хилча, "Iедалан партигахьа" къхаьжнаш тосуш хир бацара 31 харжамхой бен, боху "Левада-Центро".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG