ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а федералан эскарша хIаллакбинчу нахах компенсаци тIейожийна Европан кхело


15 шо хьалха ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь дIахьочу леринчу операцешкахь вайначу 17 вахархочун гергарчарна 1, 2 миллион евро компенсаци ялар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ).

2002-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалц схьа оьрсийн эскарша дIалецначул тIаьхьа лар йоцуш байна лоруш бу и нах, документаша чIагIдарехь. Федералан Iедалша къизаллаш лелийна, адамийн дахаран бакъонаш хьешна оцу нехан, уьш дIалецарх гIуллакх нийсонца теллина а дац аьлла, сацамбина Европан кхело.

ГIадужу баттахь Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь операцеш дIахьочу заманчохь лечкъийначу нехан хьокъехь адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело бинчу сацамах.

Шайга латкъам бинчу 20 тобанна цхьа миллион ах миллион сов евро компенсаци (1534 750 евро) далар тIедожийра цара Оьрсийчоьнна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG