ГIажарийн арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Кассеми Бахрама шайн 200 гергга махкахо Гуьржийчуьра арваккхарна бехк баьккхина гуьржийн Iедалшка, яздо "Эхо Кавказа" сайто. ГIажарийн дипломато билгалдаккхарехь, цхьаболчу гIажаройн Гуьржийчу бахка аьтто ца хилла, оьшуш долу дерриг а документаш шайца доллушехь. Кассемис хаам бина, и хаттар гуьржашца дийцаре дан дагахь ву ша аьлла.
Стохка хиллачуьнца дуьстича, баш хийцаделла дац туристаш санна Гуьржийчу баьхкинчу гIажаройн терахь. Амма уьш махкахбахар алсамдаьлла тIаьхьарчу масийтта баттахь.
Стохка Гуьржийчохь хилла 323 эзар ГIажарийчоьнан вахархо. И терахь дуста мегар долуш ду, цу пачхьалкхе баьхкинчу Евробертан бахархойн терахьца - 320 эазар стаг.
Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, стохка Гуьржийчу ца витинера 169 гIажаро. Ткъа кхушеран 10 баттахь и терахь аламдаьлла уьттаза - 1949. Болчу хаамца, гIажарой махкахбахар жигардаьлла Марсхьокху-баттахь дуьйна – 1258.
Гуьржийчуьрчу политикан говзанчана Саникидзе Георгийна хетарехь, коьртачу декъана иза доьзна ду доза хадоран низамаш хийцаларца. Цо дийцарехь, ГIажарийчохь экономикан хьал ледара хиларна дуккха а цу махкара бахархой бу Гуьржийчу баха ховша гIерташ. Цу гIуллакхана гIо до шина пачхьалкхана юкъахь визан раж ца хиларо.
Делахь а иза дан оццул атта дац. Гуьржийчоьнан территори тIехь гIажаройн даккха бакъо ю 45 де. Цул тIаьхьа уьш цхьана ханна цIаберза безаш бу. Цундела уьш, луларчу пачхьалкхе ара а бовлий, оццу дийнахь юхабоьрзу, Гуьржийчохь шайн бизнес йолун дела. Хьалха Iедалш баш тергал а ца деш дитара иза. Амма тIаьхьарчу хенахь цунна тIе тидам бахийтина Гуьржийчоьнан агIоно.
Чу ца битина бохуш буьйцурш могIарера туристаш бац, Гуьржийчохь биса лууш болу нах бу, боху Саникидзес.
Салуквадзе Амиран политикан а, тIеман а аналист ву. Гуьржийчоь вуно аьхна меттиг ю, боху цо луларчу пачхьалхкашкахь бехачу нахана. Цуьнца цхьаьна, аналитикана хетарехь, гуьржийн дозанашкахь терго чIагIяран бахьана доьзна хила мега мехкан кхерамазалла ларъяр Iалашонца.
Вуьшта аьлча, Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ялочу статистикица, гуьржийн Iедалша махкахбаьхначу нахах уггаре дукха бу Индера. Кхо шо гергга хена чохь Гуьржийчу вар дихкина 4 эзар гергга цу мехкан вахархочунна.
Орагвелидзе Ираклий, "Эхо Кавказа"