ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нагахь Нохчийчоьне дIалой – вуьйр ву со"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:33 0:00
Линкана тIе

Нохчийчохь шен гергарнаш Iедалхоша юьхьарберзийна аьлла, стохка Росгвардина тIелатар дина бохуш, бехкевечу махкарчу вахархочо Бакаев Iелас

"Нийса" яц аьлла, маж дIаешира

Украинехь ву 26 шо долу Бакаев Iела. Цо дийцарехь, Росгвардин №3761 йолчу декъана тIе-м муххале а ца леттера иза, ур-атталла, цу дийнахь республикехь а ца хилла. Ша паргIат а, маьрша а ву аьлла, ког хецна вац Iела, хIунда аьлча, даймахкарчу цуьнан гергарчаьргахула иза цIа вало гIерта Iедалхой. Цул совнах, Интерполан лехамашкахь а ву иза. Политикаца а, динца а доьзна хета цунна шена тIаьхьабовлар - салафит ву и жимстаг.

Масех шарахь шеца "кхетош-кхиоран" болх дIабахьа Iалашонца, бертаза муфтияте оьхуьйтура ша боху Бакаевс, церан хьехамашка ладегIа. Ша ваьхначу Ноьвр-кIоштахь масийттазза дIа а лецира ша боху цо, полисхоша.

2015-чу шеран аьхка, масала, охьахецна маж "нийса" яц аьлла, нуьцкъаша дIаяьшнера цуьнан полисхоша. Ишта цхьана дийнахь маьждигехь дIалаьцнера Iела, цо "куьйгаш лелор" а, тIерачу "хечин фасон" а ца тайна.

"Нохчийчохь ницкъахоша нах идор даьржина гIуллакх ду. Динехь леларш дIалоьцу кеп-кепарчу бахьанашца, масала, "шайтIанаш" олу цара, гIаттамхойн декъехь бу бохуш, бехкебечарех, ткъа бакъонашларъярхой чубухку, царна наркотикаш а кхуьйсуш, дийцина "Кавказ.Реалиица" шен хиллачу къамелехь Iелас.

Меттигерчу полисхоша шайн карабаьхкинчаьрца лело къизаллаш дукха гина ву ша бохуш, чIагIдо Iелас, амма шен цхьа а бахьана дацара боху цо, Росгвардина кIелоян.

"Цара дIалоьцуш, Iазап латтош, сийсазбохуш ма бацара сан доттагIий а, я со а. Росгвардин белхахоша ца яьшнера сан маж, цара тIе ца диллира суна мекхаш лелор, я суна хийра долу ламасташ а цара тIе ца эгийнера суна. Уьш бацара сан гергарчарна кхерамаш тийсинарш а…ТIаккха стенна кечйийр яра ас царна кIело?"

ТIаьхьо Росгвардин белхахошна тIелатар динера аьлла, бехке а бина, байина кегийрхой шена "бераллехь дуьйнна бевзаш бара, вежарий санна безаш а бара", дуьйцу Бакаевс. "Адам делур долуш бацара уьш, амма байира уьш, дуьххьал дIа герзаш детташ", - мукIарло до Iелас.

Паспорт доцуш, когах буржал тоьхна

Оьрсийчоьнан прокуратурерчу хьостано хаамбарца, Бакаев бехкево, гIаттамхойн тоба вовшахтохарна а, эскархошна кIелоярна а. Оьрсийчоьнан Iедалхойн дехарца 2018-чу шеран юьххьехь дIалаьцначу Iелас пхи бутт баьккхира Украинерчу СИЗО-хь.

Бакаевна тIаьхь шаьш "къизаллаш, харцонаш лелор яц" аьлла, яздинера Оьрсийчоьно Украинерчу шайн белхан накъосташка, иза схьавоьхуш даийтинчу кехат тIехь. Иза вуьйр а вац шаьш, я кхечу пачхьалкхе дIа а лур вац аьлла, юкъархиллера оьрсийн Iедалхой.

Делахь а, украинхой ца тешначух тера ду Москохах. Бакаев маьршаваьккхина цара лаьцначуьра, амма иза декхаре ву шега ма элли, тIеван я прокуратуре, я кхеле. Миграцин хIукмато хIинца а мухIажиран статус ца елла цунна.

Тумгоевчух тера кхоллам

Адвокато Красник Станислава бахарехь, Украинерчу миграцин урхалло, Бакаевс тховкIело йоьхуш, чуделла дехар теллина, цунах цхьа хьесап ца дича, иза Оьрсийчоьне дIалуш, сацам тIеоьцийла дац.

Украинерчу миграцин гIуллакххойн зерашца, 2077 стаг ву кху карарчу хенахь цаьрга тховкIело йоьхуш. МухIажиран статус 8 стагна бен елла яц, кхин а 37 билгалвьккхина, гIо оьшуш хиларца.

Iелас сагатдо, шен кхоллам гIалгIачун Тумгоев Тимурачух тера нисбаларна кхоьруш.

Оьрсийчоьно лоьхуш вара иза а даIишхошца уьйрашкахь хилла ву бохуш. Украинан антитерроран операцехь (АТО) дакъалаьцна воллушехь, дIавелира иза Оьрсийчоьне.

"Нагахь Нохчийчу дIалой – вуьйр ву со", - боху Iелас.

Материалан автор Михальченко Лидия, гочйинарг Димаева Лиза

Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, махкахойн коммуналан декхар тIерадаккха дагахь бу Iедалхой. Дог дохий аш шаьш декхарх мукъадовларе?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG