ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къоьллах ца уьду, хIаллак ца хила уьду"


Михальченко Лидия

Адвокат Оболенец Алексей: Стенна йоьху кавказхоша Европе тховкIело

Интерполо лоьхучу нехан дукхаллица мехкийн могIарахь рекордсмен ю Нохчийчоь. КIезиг бац леца кхайкхийначаралахь гIалгIай а, дагестанхой а. Стенна ду иза? Иштта ду "Кавказ.Реалиин" адвокатца Оболенец Алексейца хилла къамел.

- Алексей, Интерполо муха тIеоьцу кавказхоша, шаьш политика бахьана долуш леца кхайкхийна, олий, ден аьрзнаш?

–Буха дехкина бахьанаш а ца толлуш, тIеоьцу шега лаха кхайкхош хьажийна информаци Интерполо. Нохчий, масала, къам а, дин а бахьанехь кхайкхабо леца. Оьрсийчуьрчу политикан хьолах доьзна ду иза. Ткъа дагестанхой а, гIалгIай а леца кхайкхош, буха дуьллу бахьана цхьаъ хуьлу даима а – дин. Цара лелориг "нийса дин" дац, олий.

Кху муьрехь халла къера хила гIерташ схьайогIу Интерпол – Оьрсийчуьрчу нахана дуьхьал гIитточу девнийн бух политика хилар. Амма къам, дин бахьанехь нах леца кхайкхабо бохург дац цкъачунна тIеоьцуш.

Интерполехула лоьхучу нохчийн терахь (йиллина яржочу информацица – 160 стаг) ду Цхьанатоьхначу Штатийн а, Китайн а бахархойл дукха.

Лаца кхайкхийна нохчо схьалохуш, цуьнан битамашка язбина цо буьйцу нохчийн мотт. Оьрсийнний, нохчийнний меттанаш бен дац лаца кхайкхийна стаг схьакаро аьтто лучу битамашка Интерполо язбина.

- Стенна тIехь бехкебо леца кхайкхийнарш?

– Терроризмехь дакъалацарна. Масала, карарчу хенахь Германехь йолчу Акуева Аминатна и "дакъалацар" тIехьарчийна цуьнга цкъа тоьхначу телефонца доьзна.

И цуьнца къамел дина стаг, талламчаша чIагIдарехь, юкъарлонехь хилла контртерроран операцехь вийначу цхьана кхечу стагца. Оха биллинг теллина – тоьхна яц телефон. Ткъа нах, цунах бахьана а дина, хьийзийнийла-м хаьа тхуна.

Адвокат Оболенец Алексей
Адвокат Оболенец Алексей

"Модехь" ду кхин а цхьа бехкбиллам – Шемарчу тIамехь дакъалацар. И "бехк" массо а тайпанарчу тобанашна тIехьарчабо (ткъа тобанаш вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьттачех хуьлу дукха хьолехь). 2013-чу Шарахь дуьйна коьртаниг ю Шемин тема. И тайпа девнаш, эзарнашкахь дацахь, бIеннашкахь ву. Дуккха а адамаша, вовшах а кхетта, аьрзнаш дан догIу оцу девнашна дуьхьал.

Шемин дозане стаг кхочийла а доцийла гойту тоьшаллаш хуьлу дукха хьолехь. Амма Интерполо тидаме а ца оьцу и факташ.

- Муьлха мухIажирш бу карарчу заманахь уггаре боккхачу кхерама кIел?

– Терроризмна а, низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь дакъалацарна а бехке а бина, набхтешкахь а Iийна, арабевлла нах бу Нохчийчохь а, Дагестанехь а (Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 205, 208 артиклаш). Уьш бу муьлххачу а хенахь байа тарлуш. Лечкъа а бой, контртерроран операци дIахьо, олий, и нах хIаллакбеш хиларх лаьцна информаци ю. Хьаннашкахь карадо оцу нехан декъеш, иза диллина хуьлуш дерг ду. Ма-ярра теллина яц и тема.

Цундела уьду набахтешкара арабевлла нах Европе, ткъа цигарчу миграцин урхаллашкахь олу цаьрга: "Шуна дуьхьал бехктакхам а бац айбина, шун гергарнаш цхьаммо а ца хьебо". Даймахкара стаг вадар экономикан бахьане доккху Европерчу хьаькамаша. Дац иза ишта. Къоьллах ца уьду, хIаллак ца хила уьду.

Европехь кхоьру хIора нохчийн мухIажиран букъ тIехьа лаьтташ Кадыров Рамзан я Путин Владимир хиларна.

ЖамI – стаг Оьрсийчоьне дIало, цигахь иза хан ялале вов. Ас цунах "208-чу артиклан проблема" олу.

–​ Интерполан тептарахь ша карийча, хIун дан деза стага?

– Низамца а доцуш, Интерполе веллехь, Интерполан низамашна тIехьожучу комиссе, ша тептарера ваккха аьлла, яздан деза лаца кхайкхина волучу. Амма дохьуйту дехар хила деза ингалс, францойн, Iаьрбийн я испанхойн маттахь.

Стага, нагахь санна ша Европе я Украине кхаьчна велахь, кехат яздеш декъаоза еза мухIажирийн гIуллакхашна тIехьожу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин комисси. Бакъду, массанхьа а бац цунах пайда – СаIуда Iаьрбийчохь, масала.

Цу тIе, Оьрсийчоь чIагIлуш ю оцу новкъахь. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин контртерроран агенталлин коьрте хIоьттина оцу Организацехь Оьрсийчоьнан векал лаьттина Воронков Владимир.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацехь наркотакашца а, талорашца а къовсам латтабен комитет караэцна ца Iаш, терроризмца къовсам латтош йолу офис а шен караэцна Оьрсийчоьно. Ойла ел аш, мел дукха информаци кхочу хIинца Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашка.

Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, махкахойн коммуналан декхар тIерадаккха дагахь бу Iедалхой. Дог дохий аш шаьш декхарх мукъадовларе?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG