Iамеркан президентан администрацино кхаарин дийнахь тIечIагIбина Iамеркан эскарш кестта Шемара арадохур ду аьлла, зорбанан гIирсаша баржийна хаам, яздо "Iамеркан аз" портало. Iамеркан президенто Трамп Доналда Твиттерехь яздинера, Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Исламан пачхьалкх" тобанна тIехь буьззинчу барамехь толам баьккхина аьлла.
Ткъа КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро Сандерс Сарас дIахьедар дира, шаьш "Iамеркан салтий цIаберзор дIадолийна, цу кампанин керла мур болорна тIе довлуш а ду" шаьш аьлла. Цо дийцарехь, "Исламан пачхьалкхана" тIехь толам баккхар дац, коалицин ницкъаша Шемахь дIахьош йолу тIеман кампани дIаерзийна бохург.
ДIадаханчу кIиранах "Исламан пачхьалкх" тобанца къийсам дIахьочу дуьненаюкъарчу коалицехь Iамеркан леррина векал волчу Макгурк Бретта дIахьедар дира журналисташка, "Исламан пачхьалкхо" Шемахь дIалаьцна латтош йолу тIаьххьара цхьа процент территори маьрша йоккхур йолуш ю гергарчу маситта баттахь аьлла.
"Оцу кIеззиг йолчу территори тIехь бу уггаре барт хир боцу "Исламан пачхьалкхан" тIемалой. Цу кIоштахь бу масийтта эзар машар хир боцу тIемалой", - элира Макгурка кху беттан 11-чу дийнахь.
Марсхьокху-баттахь Пентагоно хаам бинера Шемахь буьсуш лаххара а 13 эзар "Исламан пачхьалкхан" агIончаш хиларх лаьцна.
Эскарш арадахарца тIеман стратеги хуьйцур ю Iамерко цу регионехь. Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Мэттис Джим а, кхин болу лаккхарчу даржашкахь болу Iедалхой а лууш бу Iамеркан эскарш кхин дIа а Шемахь дита. ТIаккха бен аьтто хир бац аьлла хета царна, "Исламан пачхьалкх" Гергарчу Малхбалехь юха а кхераме ницкъ а хилла дIа ца хIоттийта.
Карарчу хенахь Шемахь дIатарвина ву 2 эзар гергга Iамеркан эскархо. Цара уьйраш латтош ю "Шеман демократин ницкъаш" олучу курдийн тобанашца а, Iаьрбийн гIаттамхошца а.
Нагахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарш Шемара арадахахь а, Iамеркан тIеман ницкъаш цу регионехь буьсур бу, луларчу Иракъехь дIатарвина 5 эзар Iамеркан эскархо хилар тидаме эцча.