ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. ГIан


Элдин Микаил
ГIан
Анайист… Дуьненан анайист… Дахаран йист… Лаьттера тIуналла ца кхочучу орамийн дитт дакъало, цунах цкъа хьалха IиндагI хуьлу, тIаккха чан… Лаьтто стиглане салам луш кховдийначу ломан буьххьехь, мохо чкъор цоьстучу кху тIулгийн шийлачу дуьненахь, хьайн кхолламан йисттехь, мел хиллачунна, хиндолчунна дуьхьалвирзина соьца къамеле вуьйлу хьо. Махьшарехь, мизан-терзанна хьалха санна, хьайн деган терзанна хьалха а хIоттийна соьга бартхаттам бо ахь.

Ткъа ас-м сайн боцчу бехканна, хьан деган лаамийн а, ойланийн карзахаллин а къинош, кхиэл хилла яьлла, къинхетаме тийса са доцучо санна, сайна тIелоьцу. Дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь, махкана лурвоьллачу обарго ша-шена доьшу Ясин санна, мохо беш болу гIийла узам хезий хьуна? Хьанна тийжа техьа и мох?...

Цхьанхьа, геннара, боданехь Iуьллучу бух боцчу ойланийн Iаьпказчуьра* гIоттий, меллаша, шайгахьарчу хьегамах а, лазамах а хьан дог Iабош, кху мIаьргонах чекхйолий, хьан дагалецамийн къепал, сан когаш кIел лаьттачу лахьти чу йоьрзу. Со цхьа лазамечу ойланца хьоьжу хьоьга. Ткъа хьо-м, шен реманна тIаьхьа чов хилла сай санна, хьайн дагалецамийн лорах вогIу кху мIаьргоне кхаччалц.

Хьан коьртехь цхьа Iеса ойла кхоллало: – Везан Дела, Ялсаманерчу дагалецамаша цистина дог карзахдаьлча, ша-шена къинтIера ца волуш, Адам Пайхамара ша-шена йина кхиэл юй-те Къабилан кхоллам? – олий. Ас-м хьо Деле воьху, азаллехь дуьйна айса ма веххара.

Мокхазан суй кхетча, тоьпан молха санна, безамна а, цабезамна а дага кийчча долчу хьан даго а, лаамийн лай долчу хьан ямартчу дегIо а хьо жоьжахатин неIаре валийча, лазамна тийжа бен ницкъ бац-кха сан. Хьуна-м, кху харц дуьненан бIарлагIечу хазалло а, ямартчу марзоно а хьуо Iехийча, дуьне хьайна совгIатна кхоьллина ду моьттура. Пайхамарша харц а, адамаша бакъ а леринчу дуьненахь-м, куьйгана цхьа салам, маттана цхьа дош, дагна цхьа марзо, когана цхьа лар бен я леха а, я тIаьхьадита а дезаш хIумма а ма дацара. Кхоьллинчунна гергахь юьхькIайн хила изза тоьур ма дара.

Амма хьо… Хьо сутара а, цу сутараллехь гIорасиз а ву-кх, Адам Пайхамаран массо а бер санна. ДагадогIий хьуна, белшах белш тухий, гIаддайначу дийнахь, вовшашна букъ туху берд хиларх тешаш, хазахетарш а, халахетарш а вовшашка дуьйцуш дина деза-даккхий къамелаш?.. ДагадогIий хьуна, шен исбаьхьчу аматца хьан бIаьрса даьхьна, шен экамечу дагца хьан кхетам тилийна, шен кIайчу боларца хьан дуьне техкош, курачу амалца хьо цIергахь вагош, нуьре ши бIаьрг буьззина шен тамашийна дуьне а дохьуш хьан кхолламе йоьссинчу йоIа кху дуьненах а ваьккхина, ирсечу дуьненахь хьуо ваьхна?..


ДагадогIий хьуна, хьан бIаьргаш тIе бIаьргаш хIиттош, гуро лаьцначу барзана иччархо санна, хьайна Iожалла къежаяьлла?.. Диттан гIодах хутал санна, хьох хьаьрчина сутара къизалла хьайх Iебича, Дала хьайна елла хIора а мIаьрго цIечу дешин мехха хьайна язъелча, Iазапан эрда тIехь дуьне Iаббол болчу лазамо хьо хьулвича, къизаллин багара, Iожаллийга айхьа сатийсина?…

Мича бахара, тобанехь бен даха ницкъ боцчу адамаша, шайна аьттонна кхоьллина «Тешам», «Безам» цIераш йолу кхетамаш? Уьш йилбаз-гIаланаш хиллера, адамийн дахарехь дукхахболу кхетамаш санна. Хьо-м тIаьхьа а, хала а кхийтира цунах. Ткъа со?.. Хьуначул бIозза сов базлора-кх суна хьан лазам а, бала а. Буьйсанна, хьо набаро Iехийча, сайн Далла дуьхьал хIуттий, хьуна къинхетам боьхуш доIанца хьо Деле воьхур-кх ас. Ненан кийрара лаьттан кийра кхаччалц бен некъ а боцчу, махьшаре даьхьнарг бен хьал а доцчу хьуна, азаллера абаде кхаччалц некъ а, азаллехь дехнарг хьал а долчу сох кхета атта дацара.

Айхьа дегалехамех йоьттина гIаланаш херца йоьлча, айхьа безамах кхоьллина бIарлагIаш яга йоьлча, махьшаре доьдуш долу хьайн некъатача гатделча, хьайна сийлахь мел хеттарг осалчу нехан байракх хилла гича, хьайн сирла сатийсамаш, да воцу кешнаш санна, гIийла карийча, лен коьртахь элан таж товш цахиларх кхийтира хьо...

Пайхамарша харц дуьне хIунда олуш хилла а кхийтира хьо...
Адамаш, хьо а цхьана, лай ма ду шайн лаамийн, моттаргIанийн... Шаьш шайна кхоьллинчу бIарлагIийн лай ма ду адамаш. Кху доккхачу дуьненахь гIамарийн арахь даьлла синтар санна цхьалха ма ву хьо. Гонаха дерг – хьан даI динчу кхетамо кхоьллина бIарлагIаш а, йилбаз-гIаланаш а ю. Бакъдерг хьан лазам бу.

Лазаман сийлалле кхаьчнехь Далла гергахь хатI ду-кх хьан. Лазамо-м адамаш а, акхарой а Iовжадо, амма пайхамараш, эвлаяаш бен цIан-м ца бо. Дала хьайна совгIатна елла цхьалла тIеэций, хьуо къинойх цIанвеш болу лазам хьоьстуш, бIарлагIечу синхаамашка тила ца войтуш, махьшаре боьдучу новкъа валахьа. ХIинца, хьайн кхолламан бух боцчу берда йисттехь, сатийсаман цхьана машанна тIехь хьуо кхаза висча, дагалецамийн йийсарера валахьа.

Ас-м хьо къематде хIотталц, тховса санна, хIора буса Деле воьхур ву. Ткъа къематдийнахь, мизан-терзанна хьалхахь, кхоьллинчу Дала: – «Ас делла дегI лелийрий ахь?» –бохуш, барта хаттам беш, хьан къинойх (лазам бен хьуна тIехь олалла доццушехь) жоп дала дезаш со ма ду, хьан са. Со – хьо ма ву, ткъа хьо – со.

Буьйсанна паналлехь лелий, хIинца санна юха хьан дегIа чу схьадогIу со Делан кхиэлаца. Со схьадеана... Iибадат де!.. Самавала!.. Самавала!.. Со… Са…

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG