ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа наггахь сайн кIантах чIогIа дог лозу сан"


Жибек а, Тимур а
Жибек а, Тимур а

ЗаьIапчу ненера схьаваьккхина кIант буоберийн хIусаме дIавеллера Iедалша. Кху деношкахь юха схьалур ву аьлла, дош делла дена а, нанна а

Ши шо хьалха доьзал кхоьллира Тимура а, Жибека а. Жимчохь дуьйнна гIудалкх чохь йисина Жибек, заьIапхойн цIийнехь ехаш яра. Иза доьзалхочух а хьаьрчина, цо кIант вича, кхачам боллуш беран Iуналла дийр дац нанас аьлла, доьзалхо схьа а ваьккхина, буоберийн интернате дIавигинера социалан белхахоша. Бер кхаба а, лело а хьелаш дацара цу Жибек а, Тимур а дехачу интернатехь.

Шайн доьзалхочуьнца цхьана даха луучу зудчо а, хIусамдас а шарахь сов дехарш дира Iедале, хIусам йоьхуш. Эххар а гIо кхечира царна. Дацара орца Iедалхошкара: цхьана бизнесхочо совгIатна эцна цIа делира цушинна чохь Iен. Ткъа хIинца, хетарехь, кхин хьийзо бахьанаш дац Iедалан, да а, нана а берах хьего.

Масех де даьлча буоберийн цIийнера шаьшиннан кIант цIа валор ву Жибека а, Тимура а.

Лоьраша аьттехьа а мегар дац доьзалхо дуьненчу ваккха аьлла, дихкинера шена бохуш, дагалоьцу Жибека. Амма шен дахарехь Тимур вевзича, лиира шена боху цо, бер дан.

"Гакиш латточу цIийнехь вара сан кIант. Иза дуьненчу ваьккхинчул тIаьхьа, со гIийла яра. Иза ша а вара ледарчу хьолехь, цундела дIавигинера. Цхьа доьзал а хилла, юкъахь тхайн кIант кхион лаьа тхойшинна", - дуьйцу Жибека.

ДIоггара доккха дацахь а, интернатехь хиллачу хIусамал а дуккха а гIоле ду Тимуран а, Жибекан а керла цIа.

"Чоьхьадовла! ХIара ду-кх тхан керла цIа! Ткъа хIара тхан жIала ду, Киреше ю кхуьнан цIе", - баркаллица а, дозаллица а гойту шайн хIусам Тимура а, Жибека а.

Дийнна шарахь кхарех доглезначу наха вовшахдиттинчу ахчанах чохь оьшу йийбар а, техника а эцна хIусамдас а, зудчо а.

"ХIара тхан кIентан чоь хир ю. Оха хIинцале коре бойнаш а оьхкина, цунна лерина терха а эцна, - гойту Жибека. – Маьнга а, ловзоргаш а эцчхьана довлу тхо. Тхо-м дитахьа! Уггар коьртаниг ду-кх – тхан кIентан хIусам хилар".

Шайна совгIат динчу стеган цIе яккха ца лиира Тимурна а, Жибекна а.

"ГIадужу-баттахь хаамбира тхоьга, тхуна совгIатна цIа луш ду аьлла. Хазазетар совдаьллачу аса набаран суй ца бира шина буса. Юучух бат а тоханза, юьзна яр-кх со, - дуьйцу Жибека. – Ма чIогIа хазахеттера тхойшинна! Оцу стагна хьалха горхIотта реза яра со. Стохка йоьлхура со, ткъа хIинца еларца тIеоьцу аса шу".

"Цхьа чIогIа дика бер ду сан кIант. ХIинцале а гIо до цо суна мачаш тIеюхуш, ша юучух дакъа а до суна, - боху Жибека. – Доцца аьлча, кхета-кх иза, со могуш йоцийла. Юург а ца къестайо, шена дIаелларг юу. Буоберийн хIусамехь марзвелла хир ву-кх иза цунна. Цхьа наггахь чIогIа дог лозу сан цунах!"

Цкъачунна болх беш вац Тимур. Кхеран жимчу кIантана а санна, даим а терго оьшу Жибекна а. Iедало хIоттийна, баттахь догIучу 100 долларх хене бовлу уьш. ХIетте а шайн дахарна белха а ца боьлху, латкъамаш а ца бо. Жибека байташ язйо, эшарш а локху, кечъялар а деза цунна.

"Iаламат ирс долуш зуда ю со: кIант а, цIийнда а, хIусам а ю сан!"- йоккхаерца дуьйцу Жибека.

Махкана пайден доьзалхо кхиор ву шаьшиммо аьлла, тIелаьцна Жибека а, Тимура а. Берийн бешахь меттиг лохуш ду и шиъ шайн кIантана. Ткъа шайн доьзалхочунна массо а хIуманна тIехь кхачо хилийтархьама, бизнес йоло Iалашо ю цу шиннан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG