ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгейхь бакъо йоцу таджикаш


Таджикистанера схьаваьллачу вахархочо латкъамбо Адыгейрчу СИЗО-хь латточу Iазапах

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобане кегийрхой ийзош хилла аьлла, бехкевинчу Адыгейхь вехачу Убайдов Сайода дIахьедар дина, лоьмар 2 йолчу СИЗО-хь шеца лелийначу къизаллех.

"Кавказ.Реалии" портало хьалхо Iорадьккхинера ФСБ-н белхахой Убайдовна тIаьхьабевлла хиларх. Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт долчу, Таджикистанера орамаш долчу вахархочунна дуьхьал къайлахчу сервисаша долийна гIуллакх бух боцуш ду аьлла, хаамбинера цуьнан гергарчара. Убайдовс ша а тIе ца дуьту шена дохку бехкаш. Берех воккхур ву шаьш хьо, депортаци йийр ю хьуна, бахам схьабоккхур бу хьоьгара, нагахь мукIарло ца дахь бохуш, тIеIаткъамбинера шайн стагна бохуш, аьрзнаш дора цуьнан гергарчу наха.

Дахначу еаридийнахь СИЗО-хь шена тIекхаьчначу адвокате хаийтина Убайдовс, кху беттан 18-чохь ФСБ-н белхахоша йиттина шена аьлла.

"Адыгейн ФСБ-н урхаллера белхахой хилла уьш, церан цIераш ца хаьа Убайдовна. Амма Зазадоккхучу-баттахь ша дIалоцучу заманчохь шена гина нах бара уьш боху цо. Ток еттийтина чохь валлочу цунна, куьйгаш цIийделла дара цуьнан, юьхь тIехь таммагIаш дацара. Цара шен пIенда кагбина аьлла, шеконаш а ю цуьнан", - дийцина адвокато.

Ишта латкъамаш бо Убайдовс, ша чохь латточу хьелашна а.

"Кху Iаьнан хенахь камера чуьрчу коран ангали а дац, я ша кор дIакъовлалуш а дац. Ша цхьаъ латтош ву иза цу чохь. Ледара бу цуьнан оьрсийн мотт, цундела иза кхоьру, цхьа хьаштдоцчу кехатна ша куьйгяздарна. Уллохь адвокат воцуш цо хIуммаъ а ца до. Изоляторчохь дан дезачу гIуллакхийн низам ду хIара олий, цхьа кехат дохьу цунна куьйгъяздан, ткъа иза ца хIутту бухахь шен цIе йилла. ТIаккха карцер чу вуллу иза. Кест-кеста деш ду цунна цу кепара таIзар", - дуьйцу адвокато.

СИЗО-н администрацига чукхачийна Убайдовна еттарх а, цунна тIехь ницкъбарх а, ишта чохь латточу хьелех а дIа а хоуьйтуш, арз.

Хиллачух хьем ца беш, Талламан комитете а, прокуратуре дIахаийтар тIедожийна Убайдовн адвокато. Ишта тIедиллина, цуьнан могушалла таллар а, лоьрийн гIо цунна тIекхачор а.

Билгалдоккху, Зазадоккхучу-баттахь Адыгейн куьйгалхочун Кумпилов Муратан цIарах кхайкхам бинера республикерчу Тахтамукайскан кIоштарчу маьждиге оьхучура. 152 вахархочо куьйгашяздинера цу кехатна, шайлахь гоьбевллачу спортхойн а, юкъаралхойн а цIераш а йолуш.

Цул тIаьхьа, кехатна куьйгаш яздинчех дукхахберш, доккхачу декъанна, шайлахь таджикаш а болуш, махкара арабехира Iедалхоша цхьацца бахьанашца.

Масала, регионера араваьккхира, махкахь ваха елла хилла бакъо юха дIа а йоккхуш, Убайдовн гергара стаг Тоиров Хайретдин.

Бехк шайн стаге тIелацийта бохуш, ницкъахоша шена тIеIаткъамбарх дIахьединера цо хьалхо. "Кавказ.Реалии" порталца къамел дан дуьхьал хилира ша Тоиров. Кхечу цуьнан гергарчара дийцира редакцига, Тоировна бакъо елла хиларх юха а Оьрсийчу ван. Делахь а, юха а тIедожийна цунна, хьайн гергарчу стаге бехк тIелацийта аьлла. Шаьш бохург дахь, Убайдовна набахтехь даккха 4 шо бен хан тухур яц шаьш боху ницкъахоша.

Бусулбачийн юкъараллан жигархочо Маеров Владимира шен цIарах хаамбира регионан куьйгалхочун администраци, меттигерчу къайлахчу сервисийн белхахоша шена кхерамаш тийсарх, Убайдовна тIехIоттарна.

"Оха дахьийтинчу кехатна бухахь имамна тIаьхьа шолгIа дара сан куьг. Олимпикан чемпионаш а, дуккха а лоруш болчу нехан цIераш а яра цу тептарехь. Йоккха гIовгIа гIаьттинера хIетахь, и гIуллакх резонансе а даьлла. Терроризмца къийсам латторехула волу мехкан куьйгахочун векал а веанера тхо долчу маьждиге. Кехатна куьйгаш яздинчаьрга хеттарш дира цо, цул тIаьхьа дийцира,Тахтамукайскан кIоштара кху шерашкахь Шема дIавахна цхьа стаг бен цахиларх.

Цо дош делира тхуна, талламчашка а, республикан урхалхочуьнга а шаьш бечу балхах а, дахьийтинчу кехатах а дикачу агIор дуьйцур ду ша аьлла", - элира Маеровс. Ткъа хIинца а жоп данза ду бусулбачийн юкъараллан векалша мехкан куьйгалхочуьнга дахьийтинчу кехатна.

Иштта Маеровс чIагIдо, дахначу шинаридийнахь шега кост кхаьчна хиларх, нагахь оцу гIуллакхна хьо юкъара ца валахь, Убайдовна диннарг дийр ду шаьш хьуна а аьлла.

Меттигерчу таIзарш кхочушдаран федералан урхаллера а, я ФСБ-н белхахошкара а Убайдовс шегахь латточу Iазапех, харцонех динчу дIахьедарех комментари эцар ца нисделира "Кавказ.Реалиин" редакцин.

Оцу урхаллийн векалша тIаьхьо шаьш зIене девр ду элира "Кавказ.Реалии" порталца.

Материалан автор Туаев Мохьмад, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG