ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа 4 бутт хан елла Шемара Iамеркан эскарш арадаха


Шемара Iамеркан тIеман контингент араяккха биъ бутт гергга хан яла реза хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трмап Доналд. The New York Times хьостано бо и хаам, администрацерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш.

Хьалхо сенаторо-республиканхочо Грэм Линдсис дIахьедира, Шемара эскарш арадаха сих ца вала сацамбина Трампа аьлла. ХIетахь сенаторо хенаш ца йийцира.

Байначу беттан 19-чохь Iамеркан президенто дIакхайкхийра, шайн пачхьалкхан тIеман ницкъ Шемара гергарчу шина баттахь арабоккхург хиларх. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехь Iамеркан салташа толам баьккхина аьллера цо.

Критике диллира Трампан и дIахьедар Iамеркан агIончаша а, иштта Конгрессехь а. ТIеман министро Мэттис Джеймса шегара дарж охьадиллира.

CNN телеканалан хаамашца, дахначу кIиранах Иракъерчу тIеман базехь хиллачул а тIаьхьа, Трампа хийцира эскарш арадахарх шен позици. ТIеман буьйранчаша тешийра иза, даIишхой берш а эшийна ца хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG