ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дахделла "тIемалойн гIоьнчийн" бехктакхаман гIуллакх


Цхьа шо хьалха ГIалгIайчохь полисхоша лаьцна дIавигинера меттигера 5 жима стаг. Уьш бехке бира, бакъо а йоцуш, герз лелорна а, некъан полицин постана тIелатар динчу зуламхошна гIо дарна а. Таллам беш царна герз теснера, берш а аьлча санна чекхбевлира полицин белхахойн Iазапах.

2017-чу шарахь Лахьанан-беттан 5-чохь ши зуламхо тIелетта хиллера Яндаре эвлана гергарчу некъан полицин постана. Цу шиннах цхьаммо эккхийтина хиллера шен дагIах йоллу бомба. ШолгIачо, Мурзабеков Мохьмада, тапча йиттинера полицин белхахошна, ткъа иза вийнера, дуьхьал герз тоьхна.

Цу тIелатарехь вийнера ши полисхо, кхин а масийтта чевнаш хилла вара. Дукха хан ялале, и зулам динчу шина стагана гIо дина аьлла, лецира 5 жима стаг. Цара виъ - Хамхоев Альберт а, Чапанов Джамалейл а, Дакиев Зураб а, Нальгиев Анзор а - чувоьллира талламан изоляторна. Кхин цхьа жима стаг кхиазхо хиларна аравалийтира, цуьнгара дIасавера вац аьлла кехат а даьккхина. И дерриг шен тидамехь латтош бара "Мемориалан" ГIалгIайчуьрчу декъан бакъонашларъярхой.

Цул тIаьхьа жимма хан яьлча ДПС-ан постехь хилларг толлуш лецира кхин цхьа жима стаг - 21 шо долу Безиев Аслан.

Цу кегийрхоша чIагIдора полисхоша герз тесна шайна бохуш. Цара латкъамаш бора, тIемалошна гIо дарна шаьш къера хилира таллламан изоляторехь вуно чIогIа ницкъ барна бохуш.

Эххаре а лецнарш бехке бира бакъо йоцуш герз лелорна.

Хамхоев Альбета дийцира кхелехь, лаьцначул тIаьхьа, коьртах тIоьрмиг а боьллина, масийтта сохьтехь йиттира шена, ток а етташ, бохуш. Стохка Дечкен-баттахь Хамхоевна ницкъ бар хьокъехь талла долийра бехктакхаман гIуллакх.

Дакиев Зураба дийцира, тӀеман гӀирс латторна къера хила бохуш а, ца дина зуламаш тIелаца бохуш а ша кхеро гIиртина хиларх лаьцна. 2017-чу шеран Лахьанан-беттан 20-чохь иза талламан изоляторна чувоьллина хиллера иза Несарахь. Кхин а 3 де даьлча Дакиев леван вигина хиллера федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) меттигерчу декъе. Цигахь цунна йиттинера, ток а етташ. Жимачу стаге доьхург хиллера Яндарехь постана тIелеташ дакъалацар тIелацар.

Чапанов Джамалейлан адвокато дийцарехь, цунна ницкъ бина ца хилла, зулам дарна къера хиларан кехаташна тIе куьг ца таIийна цо.

Нальгиев Анзора а элира герз шена полисхоша тесна ду аьлла. Ткъа дас-нанас шайн кIантана гIо дар дийхира тIемалошна маьрша дахаре берза гIо дечу комиссин декъашхошка.

ТIелатар динчу дийнахь и зулам динчу шиннах цхьаммо Нальгиевга СМС хаам баийтина хиллера, шен машен цIайигахьара аьлла дехар деш. КIанта кхочуш дина хилла и дехар.

Постана тIелатар динарг мила ву хиъча, жимачу стага ша хаам бина хиллера полице шега динчу дехарх лаьцна.

Нальгиевн гIуллакх листира кхелехь 2018-чу шеран Зазадоккхучу-баттахь. Кхелехь иза къера хилира шен бехк хиларна. Карабулакан кIоштан кхело хан туьйхира Нальгиевна цхьа шо колонехь даккха. ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу Кхело лахйира цунна тоьхна хан 8 батте.

2018-чу шеран Гезгмашин-баттахь чувоьллира Хамхоев Альберт. Цунна арахь яккха цхьа шо ах шо хан туьйхира кхело.

Дакиев Заур чувоьллира стохка ГIадужу-баттахь. Цунна кхайкхийна хан яра 1 шо 3 бутт. И хан цо яьккхинера талламан изоляторехь. "Дакиевс бехк тIе ца лецира, амма цуьнан гергарчаьрна ца лиира кхин дIа а кхелашкалу лела", - боху цуьнан адвокато Гагиев Мохьмада.

Чапанов Джамалейлан гIуллакх дерзаза ду хIинца а. 2018-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьйна иза луьстуш, 13-зза тIаьхьа а теттина, цхьа кхеташо а бен ца хилла кхелехь.

Кхелехь ду Безиев Асланан гIуллакх а. Иза бехке веш ву бакъо йоцуш герз дохкарна а, эцарна а. Безиевн адвокато дийцарехь, жима стаг лецира "Э" Центр олучу полицин тобано. Цунна йиттина, Iазап лелийна токаца. Амма жима стаг къар ца велла. Карарчу хенахь иза дIасалелар дихкина цIахь ву.

Хьалха лаьцначу пхеанца хилла кхиазхо а ву дехьа-сехьа гӀyp цахиларна куьг таӀийна полицино шен тидамехь латтош. Цуьнан гIуллакх ду тӀеталла дахьийтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG