Нохчийн диаспоран декъахочунна, инарлана, Урдунехь мэр а лаьттина, юьртбахаман министраллан урхаллехь хиллачу Исмаил аш-Шишани Мухьаммад Баширна кIелоярна шеконашца Заркъа гIалахь дIалаьцна цхьа стаг.
Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь тIелатар динера Исмаил аш-Шишанина. Буьйсан юккъехь 74 шо долчу инарлан хIусам чу а иккхина, цунна йиттинера вевзаш воцчу зуламхочо. Дарбан цIийне валийнера къано чолхечу чевнашца.
Байначу беттан 29-чохь хаам хилла, полицино бехке ву аьлла, цхьа стаг дIалацарх. ЦIарца вуьйцуш вац тIелатархо, амма хааме даьккхина хьалха а оццу зуламашна кхеле хIоттийна иза хилар.
Депутата Набил аш-Шишанис хаамбарца, гIоле хуьлуш ю Исмаил аш-Шишанина, тIехIоьттинарг а вевза цунна хIинца, къамеле а волу.