ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркахоша бIаьргаш Iовжон газ хецна мухIажиршна тIе


Гондурасера Iамерке богIу мухIажирш
Гондурасера Iамерке богIу мухIажирш

Мексикаца долчу дозанехь бIаьргаш Iовжон газ а хецна, мухIажирш къахкийна Iамеркахойн дозанхоша. Associated Press агенталло Iорабаьккхина и хаам. Церан хаамашца, Тихуана гIалин кIоштарчу дозанехь чекхвала гIерташ хилла 150 мухIажир. Масийтта мигрант шайна тIе тIулгаш лесто волавелча, царех лардалархьама хийцира шаьш бIаьргаш Iовжон газ аьлла дозанхойн урхаллехь. Цул совнах, сераца йинчу дуьхьалонна тIехула масех бер дехьадаккха гIерташ хилла кхелхина богIурш. ДIалаьцна 25 стаг.

Associated Press агенталлан корреспонденто чIагIдарехь, тIулгаш кхийса буьйлабелла мухIажирш, дозанхоша шайна газ хецначул тIаьхьа.

Байначу баттахь Гондурасера йогIучу караванца дозане кхаьчна шаьш аьлла мигранташа. Тихуанехь куп тоьхна Iа уьш, Iамерке политикан тховкIело еха шайн ка яллалц. Амма тховкIело оьшурш дукха хиларна, масех батте дIадахдала куц ду церан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG