Магнитогорскехь беллачийн терахь 19 стаге хьаладаьалла. Орцанхоша херцаршлара хьалабаьхна: зуда а, стаг а, кхо шо долу йоI а. 22 стаг каронза вуьсуш ву. Тахана, кхааридийнахь тезет хIоттийна йоллу Челябинскан кIоштахь.
Хьалхо кIелхьардаьккхина 11 бутт болу бер чолхечу хьолехь ду, амма цуьнан могушаллина кхи дIа кхераме хIуммаъ дац аьлла могушаллин министро Скворцова Вероникас. Ишта цо билгалдаккхарца, йоьIан нана бераца ю.
Орцан министраллан белхахоша чIагIдарца, херцарш луьстуш, нах лоьху болх еа рожехь дIахьош бу. Леринчу техникаца йовхо латтош ю херцаршна бухахь. Буьйсанна 20 градус шело лаьттар йолуш ю Магнитогорскехь.
Байначу беттан 31-чу дийнахь Магнитогорскерчу 10-зза тIекIелдинчу цIийнан тIаьш охьахирцинера.
Талламан комитето дIахьедина, цкъачунна динарг теракт ду ала тоьшаллаш дац. И дIахьедар даран бахьана ду, хаамийн гIирсашкахь терроран лар хила тарло аьлла, дийцадолор.