ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударий зиярте битарна дуьхьал протесташ йолийна ХIиндойчохь


Индуисташ зиярате хIуьттучу Сабаримала гIаларчу килс чу зударий битина аьлла, протесташ кхайкхийна ХIиндойчуьрчу Керала штатехь. Гулбелларш къахкорхьама бIаьргаш Iовжон газ хецна полисхоша, хаамбо хIиндойн зорбанаша. Масех некъ дIакъевлина протестхоша. Цхьаболчу дуьхьалончаша кхайкхамбора туьканийн долахошка, шайх схьакхета бохуш. Цхьаццайолчу штатан кIошташкахь полисхошна тIе тIулгаш лестадора бахархоша.

Масех бIешерашкара схьа шинаридийнахь дуьххьара аьтто баьллера шина зудчун килс чу а яхна, ламаз дан. Оццу дийнахь ХIиндойчуьрчу зударша арабевлла 620 чакхарма бохалла некъ дIалаьцнера. Божаршна а, зударшна а юкъахь нийсо латто езар дIахаийта Iалашо яра церан.

Iедалхоша дийцарехь, пхи миллион сов вахархочо дакъалаьцнера оцу акцехь. Сабарималарчу килс чу яхар дихкина дара 10 шарера 50 шаре кхаччалц йолчу зудчунна еххачу хенахь. Гезгамашин-баттахь Лакхарчу кхело бехкам баьстира. Амма хIора а зиярте хIуттучу зудчунна тIе тIулгаш кхуьйсуш, гIожмаш еттара божарша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG