ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитогорскехь охьахаьрцинчу цIийнан бухара 37 дакъа хьаладаьккхина


Магнитогорскехь чухаьрцинчу цIийнан херцаршлара 37 дакъа хьаладаьккхина. Царех 22-ннан чалхаш евзина церан гергарчарна. Челябинскан кIоштан орцан министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Деллачу 6 берах кхоъ бен девзина дац. Орцанхоша белхаш кхи дIахьош бу. Дийцарехь, оцу петар чохь эккхийтар хуьлучу заманчохь кхин а диъ адам.

Орцан министраллан белхахоша чIагIдарца, херцарш луьстуш, нах лоьху болх еа рожехь дIахьош бу. Леринчу техникаца йовхо латтош ю херцаршна бухахь. Буьйсанна 20 градус шело лаьттар йолуш ю Магнитогорскехь.

Байначу беттан 31-чу дийнахь Магнитогорскерчу 10-зза тIекIелдинчу цIийнан тIаьш охьахирцинера.

Талламан комитето дIахьедина, цкъачунна динарг теракт ду ала тоьшаллаш дац. И дIахьедар даран бахьана ду, хаамийн гIирсашкахь терроран лар хила тарло аьлла, дийцадолор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG