ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижерчу Лувран рекорд: 10 миллион стаг хилла музейхь дахначу шарахь


Дахначу шарахь Парижерчу Лувр музейс рекорд хIоттийна. 10 миллион стаг чекхваьлла цуьнан хIусамашкахула. 25 процент лакхара ду гойту терахь, 2017-чу шарца дуьстича. Лувран директора Мартинез Жан-Люка динчу дIахьедарца, дуьненчуьрчу цхьана музейн дац цу кепара жамIаш. Доккхачу декъанна музей чохь хилларш кхечу пачхьалкхашкара нах бу – Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара а, Китайра а.

Лувро кхул хьалха хIоттийра рекорд 2012-чу шарахь. 9,7 миллион стаг хилира цуьнан гIишло чохь. ХIетахь музейхь Исламан искусствон дакъа а диллина, Леонардо да Винчин а, Рафаэлан а белхийн гайтамаш дIабаьхьира.

Хьовсархошна лерина 1793-чу шарахь дуьххьара схьайиллина Лувр музей, Францехь карчам хиллачу муьрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG