Бусулба Исбаьхьаллин Департамент болх бан йолаелла Гезгмашин-беттан 18 чохь Парижера Лувр музей чохь. Францин президент Олланд Франсуа а, мехкан политикаш а, иштта арахьара беза хьеший а баьхкинера церемоне. Проектана оьшуш долчу ахча - 100 миллион евро - дукхачу декъана делла бусулба пачхьалкхашкара донорша. Ткъа цуьнан Iалашо, музейно билгалдаккхарехь,- "сийлахь-йоккхачу цивилизацин нур-лепаш долу сибат" гайтар ду. Музей чохь гойтуш хир ю кхаа континент тIера еана йолу 3000 гергга артефакт.
Луврехь схьабиллина бусулба исбаьхьаллин гайтам
1
Испанера "Al-Mughira's pyxis" цIе йолу гIутакх.
2
Азербайджанан президент Алиев Илхьам а (юккъ) веанера церемоне.
3
Францин президент Олланд Франсуа (2-ниг аьтт), цуьнан деган доттагI Трирвайлер Валери (юккъ), Бусулба Исбаьхьаллин Департаментан куьйгалхо Макариу Софи а (аьтт), Културин министр Филиппетти Орели а (2-ниг аьрр).
4
Гайтам.