ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корейн филм-концерт гайта дуьхьал хилла Соьлжа-ГIалахь


Къилба Корейн BTS "Love Yourself" группан филм-концерте билеташ дохкар сацийна Соьлжа-ГIалахь. "Киностар" кинотеатран Инстаграмерчу сайтехь бина и хаам. Карарчу беттан 26-чохь цхьа могIа Оьрсийчоьнан гIаланашкахь гайта лерина яра и кино.

Хьалхо "оьздангаллин гIаролхоша" ХIинжа-ГIалахь дихкира "корейн гейх филм" гайтар. Цул тIаьхьа, шайн республикехь кино гайтар дихкича, Дагестанера Корейн группан фанаташ Соьлжа-ГIала баханера, цигарчу кинотеатрехь хьовса. Цигахь а дихкина хилла филм гайтар.

ВКонтактерчу нохчийн "Карфаген" юкъаралло дуьхьало йинера киноконцерт гайтарехь. "Нохчийн къам сийсаздаккха гIертар" ду элира Къилба Корейн группан филм-концерт Нохчийчохь гайта гIертар.

2013-чу шарахь кхоллаелла ю Корейн BTS бойз-бенд. 120 музыкин совгIат ду церан. Дахначу шарахь Олимпикан Сеулерчу стадионехь гайтира цара шайн кхолларалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG