ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а даздеш ду Iийса Пайхамар вина де


Соьлж-ГIала. Архангелан Михаилан килс. Архивера сурт.

Оршотан буса (Дечкен-беттан 6-чохь), Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь санна, Iийса Пайхамар вина де тIекхочуш Даллана коьрта гIуллакх дар дIадаьхьира мозгIарша Соьлж-ГIаларчу Архангелан Михаилан килсехь.

Цигахь дакъалоцуш бара меттигера православин динера керстанаш а, Нохчийчохь дIатардинчу эскаран дакъошкара эпсарш а, кхечу регионашкара балийна ницкъаллин структурийн белхахой а, хаам бо "Кавказский узело", Соьлж-ГIалин мэрин белхахочунна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша кхерамазалла чIагIйинера килсана гонахарчу каппашкахь. Iийса Пайхамар винчу денна хьажийна мероприятеш хилла кхечу Нохчийчуьрчу килсашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG