ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Зударий а, божарий а уггаре дукха беха меттиг ю Нохчийчоь


Оьрсийчохь зударий а, божарий а уггаре дукха беха меттиг ю Нохчийн Республика. Цунах лаьцна хаам бо Росстато.

Цу урхалло далочу терахьашца, юккъерчу барамехь нохчийн зударий бехар бу 84,06 шарахь, ткъа божарий - 78,58 шарахь. Уггаре кIезиг шерашкахь нах беха меттиг ю Чукотка. Зударий - 71,66 шо, божарий 60,33 шо.

Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча и гайтам иштта бу: зударий - 77,64 шо, ткъа божарий - 67,51 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG