Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан суьдхойн коллегино сацам бина, 1995-чу шарахь Буденовскана тIелатар деш дакъалаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочунна Даудов Бадруддина 14 шо хан тохар нийса ду аьлла. Даудовна колонехь яккха хан кхайкхийнера Къилбаседа Кавказан кIоштан тIеман кхело стохка Мангалан-баттахь. Нохчочуьнан адвокаташа латкъам бинера Лаккхарчу Кхело иза бехказваккхар доьхуш.
ТАСС агенталло бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан эскархойн гIуллакхашкахула йолчу коллегино тIечIагIдина Даудовна хан тохар низамашца догIуш хилар. Цу кепара, иза чуволла бина кхелан сацам болх бан болабелла.
Аппеляцин дехарехь адвокаташа яздинера Даудов Бадрудди бехке вац, Буденовске нохчийн тIемалоша рейд еш иза кхечанхьа хилла хиларан тоьшаллаш ду, ткъа бехктакхаман гIуллкх долийча дуьххьара хьехош верг кхин стаг вара аьлла.