ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стагана къиза йеттарна бехке вина Устрада-ГIалара вахархо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Йоккхуш видео а йолуш жимачу стага къиза йиттина Устрада-ГIалара вахархо кхеле озийна. Иза бехке вина могашалла галйер юй хуъушехь адамана еттарна.

Устрада-ГIалара 25 шо долу вахархо лаьцна полицин белхахоша, цо лаьттахь Iуьллучу стагана етташ яьккхина видео социаланаш машанашкахь гучуяьллачул тIаьхьа.

Видео яьржира WhatsApp-хь кху беттан 6-чохь. Цу тIехь гуш ву кхо стаг, царах шиъ, цкъа дуьххьара вовше лоь, тIаккха цхьаммо вукхуна, бетах корта а тухий, са а дукъадой, иза лаьттахь Iуьллуш а волуш шозза бетах мийра туху. Хуьлург дукха ирча хиларна ерриг а видео гайта ца хIуьтту социалан машанашкахула иза дIасакхоьхьуьйтурш.

"Кавказский узело", чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан векална тIе а тевжаш бинчу хаамца, цу инцидентехь дакъалаьцна кхин болу декъашхой муьлш бу къастийна, уьш лебина талламхоша. Бехке вечунна таIзар дан мегаш ду цхьана шарахь товен гӀуллакхаш дойтуш, я 4 баттана чувуллуш, я 40 эзар сом гIуда токхуьйтуш, нагахь бохамхо цуьнца куьйге ца водахь.

И ши стаг вовшах латаран бахьана дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG