ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра полисхойн батальон Шема хьажийна


Шоьтадийнахь ГIалгIайчуьра тIеман полицин батальон Шема яха новкъаяьлла. Лерина декхарш тIе а дехкина, хIинца 4-гIа хьажийна полисхой тIеман конфликт лаьттачу оцу пачхьалкхе, хаамбина регионан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Ишта цо билгалдаьккхина, ГIалгIайчуьра эскархой Шеман пачхьалкхо даим а хестош ша дозалла деш хилар а, цара гIоьналлин миссешкахь дакъалоцучу репортажашка ша хьежар а, уьш даймахка юхабогIучу заманчохь дозаллица ша тIеэцар а.

Оппозицин "Шеман демократин ницкъийн" векалша кIирандийнахь дIахьедина, пачхьалкхан Къилбехьа виъ террорхо шаьш дIалацарх. Царех шиъ Оьрсийчоьнан вахархо ву аьлла, дIахьедо цара. Зорбанашкахь Iораяьхна церан цIераш а: Аттаев Iусмат а, Джавад Хан Мохьаммад а аьлла. Муьлхачу тобанера уьш бу, хоуьйтуш дац цкъачунна. Уьш бехкебо Эр-Раккехь теракташ дарна а, регионехь террорхойн тобанаш вовшахъеттарна а.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло комментари йина яц оцу хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG