ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелехь харц тоьшаллаш дарна жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо


Соьлжа-ГIаларчу Ленинск кIоштан Талламан комитетан декъо бехктакхаман гIуллакх айдина меттигерчу 56 шо долчу вахархочунна дуьхьал. Иза бехкево, ша дой а хуушшехь, харц тоьшаллаш далорна.

Талламчаша чIагIдарехь, чохь бехаш нах боцчу гIишлон долахо къастош, Ленинск кIоштан кхело теше санна хеттарш дан валийначу цо кийтарлонаш лелийна хилла. Хеттарш дан буьйлабалале, кхелахоша дIахьедина а хиллера цуьнга, нагахь харц тоьшалла дахь, бехкзуламан жоьпалла тIедожор ду аьлла.

XS
SM
MD
LG