ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Университетан студентийн кисана шаьш ца кхийда аьлла доьшийлан проректоро


Нохчийн пачхьалкхан университетан куьйгалло жоп делла, шайн студенташкара ахчанаш чусецадо аьлла, дехкинчу бехкашна. "Чечня Сегодня" агенталлан корреспонденташа къамел дина доьшийлан хьалхарчу проректорца а, студентийн профкоман куьйгалхочуьнца а, студенташца шайца а, яздо меттигерчу хьосто.

Ши де хьалха Интернетан машанехь керла хаам баьржира- нохчийн студенташ меттигерчу Iедалша коррупцин системи юкъаийзабо аьлла.

Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу проректоро Киндаров Заура дIахьедина агенталле, оцу информацино ша цецваьккхина аьлла.

"Тхан университетехь цкъа а ца хилла проблемаш берийн ахчанашна тIехула. ХIора догIучунна дIакхачадо оха и стипенди, цаьргара иза схьадаккха цхьаннен а бакъо яц. Тхуна кхоьллина эладитта ду иза, и долийнарг жоьпе озо кийча а ду тхо. Тхо тешна ду, тхан доьшийлан имидж талхорхьама йолийна провокаци ю иза аьлла", - дIахьедина Киндаровс.

Информационан технологийн факультетан 4-чу курсехь волчу студентийн профкоман куьйгалхочо Тукаев Ахмада а тIе ца дитина дешархойн кисана кхийда бохург.

"Ас болх бечу а, доьшучу а юкъанна цхьана студенто латкъам бина бац, шен стипендин цхьа дакъа чусецадо аьлла. Суна хетарехь, тхан доьшийлех бIаьрг бадийта, цхьана Iалашонца долийна эладитта ду хIара", - аьлла Тукаевс а.

Кху деношкахь Маршо Радионо гочйира "Кавказ.Реалии" портало зорбане яьккхина "Мила ву Нохчийчуьрчу студенташкара ясакъ йоккхург?" аьлла артикл.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG