ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву Нохчийчуьрчу студенташкара ясакъ йоккхург?


Нохчийн дешархойн стипенди нехан кисана кхочу

Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташа чIагIдо, шаьш меттигерчу Iедалша коррупцин схемашна юкъаийзадо бохуш. ХIора баттахь дешархойн банкашкарчу чоьташ тIе ахча долу, ткъа кураторша, "шу доьшучуьра дIадохур ду" бохуш, кхерамаш а туьйсуш, банкера ахча схьа а оьцуш, шега схьадала декхаре бо уьш.

Хьаьнга кхочуш ду и ахча ма-дарра хууш дац, амма студенташ тешна бу, оцу гулдечу ахчан цхьа дакъа куьйгаллана дуьсу аьлла.

"Дуьххьара 2017-чу шеран ГIуран-баттахь 6 эзар сом яздинера тхуна, - дуьйцу юридикан факултетан дешархочо Марьяма (цIе хийцина ю). – Тхуна моьттура Керлачу шарна совгIатна делла хьуна тхуна оццул ахча аьлла. Делахь а цецдевллера тхо, хIунда аьлча, 4 эзар соьмал а лакхара яздеш ма дац стипенди.

Оцу ахчанах "ас и дийр ду", "хIара оьцур ю" бохуш, со Iачу заманчохь, тхан группехь коьрта йолчо хаийтира тхуна, банкехь а ахча схьа а эцна, цунах 1 эзар сом тхайна а дитина, пхиъ кураторе дIадала дезаш хилар. Нагахь дуьхьало яхь, дешар тIехь проблемаш хирг хилар билгалдаьккхира цо.

Дукхахболчара, ас а цхьана, чIагIо йира, и ахча дIа ца дала. ТIаккха кураторо къамел дира тхоьца, нагахь аш и ахча дIа ца лахь, шен алапа тIера дIасацор ду куьйгалло аьлла. ТIаьххьара а оха массара а ахча дитира царна. Цу тIехь дирзи моьттура суна, амма оцу барамехь стипенди хIора баттахь чоьта тIе доккхура тхуна", - аьлла, дерзийра Марьяма шен "Кавказ.Реалиица" хилла къамел.

Дуьххьара дац студенташна кхерамаш туьйсу, "экзаменашка дуьтур дац", "дипломан болх схьаоьцур бац" бохуш. Iедало вошахтухучу митингашка ара ца бевлча а олу цара, шаьш дуьхьалдоккхур ду. Амма баллашца гIуда а тухий, дуьту шаьш боху студенташа.

Университетан куьйгалло, шайн ахча стенга доьду аьлла, дешархоша хаьттича, цхьана фонде хьажош ду олу. Амма цхьана а кепара тоьшалла ца даладо цара, я цIарца юьйцуш яц и фонд.

"Кавказ.Реалии" портал зIене елира нохчийн пачхьалкхан университетца, студентийн ахчанаш чусецорах комментари йоьхуш, амма жоп дала дуьхьало йира цара.

7-8 эзар гергга студент ву тахана университетехь бIаьрхьалха доьшуш. Оцу схеми юкъахь бац лахара хаарш долу дешархой. ХIунда аьлча, царна ца кхачадо стипенди.

Бакъду, уьш юкъара баьхча а, хIора баттахь куьйгаллана дуьсург хIуммаъ а кIезиг ахча дац.

Университетан филологин факультетехь доьшучу Iаьрбис (цIе хийцина ю) дийцарца, "лакхарчу" хьаькамийн инициатива ю иза. Ишта ца хилча, боху цо, доьшийлехь цхьа а ваьхьар вацара, шайгара оццул ахчанаш чусецо.

Хила тарло университетан куьйгалло юьйцург регионера Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд. Кхи варианташ янне а яц, хIунда аьлча, цу кепарчу финансийн Iуналла дан оцу цхьана фондан бен бакъо яц.

Республикехь болхбеш йолу кхийолу гIоьналлин цхьанакхетарш лаьтта социалан машанашкахула а, мессенджершкахула а меттигерчу догIийжамечу бахарошкара лехьочу ахчанех.

Лакхахь юьйцу ахчанаш чусецадаран схема, нагахь и боккъал а лелош хIума делахь, тера хета шена боху "Трансперенси Интернешнл - Россия" боламан инарла директоран гIовса Шуманов Ильяс, хьукматехь харц даржаш латточу схемех.

Цу кепарчу бертадахарехь куьйгалхочо шен белхахой даржашкахь лакхабоху, церан алапаш а тIетуху. И дерриг а мича Iалашонца деш ду, оцу ахчан цхьа дакъа шена чусацо.

Хала хеташ делахь а боху Шумановс, ишта хьарамлонаш Iораяха хала хуьлу, наха дIахьедеш ца хиларна.

Кадыров Рамзанан нанас урхалла дечу фондан регионерчу пачхьалкхан хьукматашна а, организацешна а тIеIаткъамбан шуьйра спектр ю. Шен бюджет ша-тайпачу кепашца дIаюзуш хиларца евзаш ю и фонд.

Амма республикехь дихкина ду, шен резавацар дIахаийта, кхераме ду и. Теркйистерчу Iелин-юьртарчу реабилитацин центрехь болх беш хиллачу Инаева Iайшата WhatsApp-ан мессенджерехула дийцира, ша тоьках, хих, газах ахча дIаделлашехь, шен куьйгалхочо 3 эзар сом дIасацийна шен аьлла. Шалхачу маьIнехь мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехкевора зудчо, цо дIасадоькъу ахчанаш, совгIаташ хьехош.

Хьем ца беш, кхеле озийра Инаева. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалха бехказайийла дийзира цуьнан. Делахь а, цу тIехь ца йирзира кхерамаш тийсаран акци.

Кадыровн гергарчу Кадыров Ислама Инаева Iайшатан гергара мел верг а, цуьнан белхан накъостий а, кIоштара къаной а схьа а гулбина, Кадыров Рамзане шайна массарна а гечдар дехийтира, "эладитта кхолларна".

Цундела цецволийла дац, Нохчийчохь лаьттачу хьолехь студенташ-м хIунда буьйцура, цхьа а вац ваьхьаш, шайца лелочу коррупцех далхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG