ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьомсара ваша Бюджет. Кадыровн фонданна стенгара долу ахча


Зобова Светлана

"Кадыров Ахьмадан фонд" комаьрша, къинхетаме гIоьнча санна евза Нохчийчохь: сагIадан мехкада гIорасиз хилча, цунна ахчанца гIодо цуьнан нанас Айманис, Кадыровн фондан куьйгалхочо. Амма моттаргIанаш ю уьш - "Кавказ.Реалиин" журналисташа бинчу талламаша гойту, фондо дина бохуш дуьйцу дика гIуллакхаш Iедало лучу ахчанах деш дуйла.

Прессе ладоьгIча, хетало, Нохчийчохь мел ден дика Кадыровн Ахьмадан цIарца лелачу фондо до, олий: ярташна - школаш, дарбан хIусамашна – оьшу гIирс, махканна – некъаш. Ма-дарра теллича, дац иза бакъ. Фондана тIеязъеш йолчу проектех дукхахъерш кхочушйо регионан бюджетца. Iедалан бохчи чуьрчу 1,3 миллиард соьмах дина гIуллакхаш шена тIеяздина гIоьнан организацино.

"Кадыровн совгIаташ"

Девкар-Эвлахь 480 беранна школа йиллина фондо, чIагIдора мехкан Iедало. Ткъа дерг теллича, гуш ду школа Iедална ял лучу халкъан ахчанах йинийла.

Нохчийн республикан дешаран а, Iилманан а министралло школа юьллуш контракт хIоттийра "Мегастройинвест" компаница, цигга дIахьажийра мах а – 188,3 миллион сом.

"Мегастройинвестан" долахо ю Кадыровн фонд, ткъа гIишлош цо йо министраллаша а, кхечу урхаллаша а шега дIалучу ахчанах. Иштта оцу компанис гIишлош хIитто шега дIаэцна 111 контракт 6,4 миллиард соьманна. ГIишлошъечу компанех йолу информаци йовзуьйтучу СПАРК интернет-хьостано гайтарехь, иштта доккхучу ахчано яха хаийна ю ша "Мегастройинвест" а.

Изза нисделла, масала, Гуьмсан а, Куьрчалан а кIоштарчу бахархошна хи дилларца а. Ахча делла – 449,8 миллион сом – Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, коммуналан а министралло. Амма мехкан Iедалан сайта тIехь ду яздина, хин биргIанаш йохкург Кадыровн фонд ю, аьлла.

"Мегастройинвесто" йира ЧIуьлга-Юртахь берийн беш. Ахча цунна делларг яцара Кадыровн фонд – мехкан бюджет яра. Оццу юьртахь ю еш спортан комплекс – яц фондо еш-м. Нохчийчоьнан спортан министралло "Чеченстрой" компанина делла ахча иза дIахIотториг (контракташ хIиттийна 55,7 а, 78,5 а млн соьманна).

Кхин а цхьа компани ю махкахь жигара болх беш - "Гражданстрой". Цо 2015-чу шарахь школа йира ЦIоьнтарахь, ткъа 19 миллион сом делира иза йийриг Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло.

Парламентан спикер Даудов Мохьмад ву Кадырова Айманина "СагIадарца билгалъяларна" совгIат деш.
Парламентан спикер Даудов Мохьмад ву Кадырова Айманина "СагIадарца билгалъяларна" совгIат деш.

Делахь а, бакъдоцург яздо ЦIонтарахь йинчу школех лаьцна меттигерчу хаамийн хьостанаша. "НР-н хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин юьртахь берашна деша меттигаш ца тоьуш, ирча хьал хIоьттинийла хиича, А.-Хь. Кадыровн регионан юкъарчу фондан президенто Аймани Несиевнас сацамбира ЦIоьнтарахь юьхьанцара школа йилла", аьлла даржийра "Грозный-информ" агенталло.

"Нагахь санна контракт дуй хIоттийна, хаалахь, бюджетера ахча ду-хьуна дуьйцург", аьлла кхетийра журналист гIишлошъечу "Грозгражданстрой" компанехь.

"Грозгражданстрой" акционерийн "Инкомстрой" юкъараллин дакъа ду. Цуьнан долахо Альвиев Мовсади зIенашкахь ву Кадыровн фондца. Иштта, фондца юкъарло карадо цуьнан доларчу "Грозный-Ситин" а. "Мегастройинвестан" телефон а, "Грозгражданстройн" телефон а ю цхьаъ – хьажа СПАРК сайтехула. Ткъа Альвиевн "Инкомстрой" Кадыровн фондах юзу "Лидер-авто" компанино.

Кадыровн фондо шегара даьлла ниIмат ду боху махка чкъургаш тIехь лела библиотека кхачар – библиобус. Амма документаша гойту Къоман Билиотеко иза "Завод АИСТ" компанигара 3,6 миллион соьмах эцнийла.

Пачхьалкхан контракт кхочушдеш, шаьш библиобус Нохчийчу хьажинийла хаийтира тхуна машенашна чуюьллу техника ечу хьукмато. "Делахь а, автобусна тIеяздира "Кадыровн совгIат", дагалоьцу цигарчу белхахоша.

Къам могуш хилийтархьама

ЧIишканна уллерчу Пионерское юьртахь къорачу а, бIаьрзечу а наханна интернат а, 120 беранна школа а йилларна ша хестаяйтира Фондо. Ткъа и ши объект каро хала дац пачхьалкхан йохк-эцарш гойтучу сайта тIехь – уьш еш бюджетера дайина 190,2 миллион сом. Болх кхочушбинарш ю "Грозгражданстрой", ГУП "Орден дружбы народов Чеченское управление строительства им. Исмаилова", ООО "Геострой".

Стохка гурахь Кадырова Айманин цIарахчу Ненан а, беран а могашалла Iалашъечу клиникан центрна фондо "совгIатйира" кардиографин аппарат а, стерилизатор а, операцеш ен гIирс а, маьнгеш а. Изза гIирс, йийбар оццу муьрехь эцна, пачхьалкхан йохк-эцарш тергалъечу сайто бахарехь, Нохчийчоьнан могашаллехула йолчу кхеташоно а – 199,2 миллион сом делла царех.

Ша дина сагIа ду боху фондо кху шеран юьххьехь махка кхаьчна пехашка садоIуьйту гIирс. Ткъа бюджетера цунах даьлла 1,48 млн сом.

Нах Iехош

Кадыровн фондо шен ахча-бохча муха кхиадо, леладо дийцина прессехь дуккха а.

Цхьаъ делахь, коммерцин компанеш ю цуьнан долахь. "Фондо бизнес лелайо, ахча доккху цо, ткъа цуьнан куьйгалло и ахча нахана дIасахьежадо. Фонде цхьа кепек а яц федералан я регионан бюджетера кхочуш", тIечIагIдира Кадыров Рамзана 2018-чу шеран Чиллан-баттахь.

Шиъ делахь, бюджетера ахча оьцучу белхахоша лаамехь-лаамза дIало фонде 10% алапа, яздо "Коммерсанто".

Амма финансех жоп луш хIитточу кехаташа боху, фонде догIу ахча ду доларчу капитало а, юхалург деллачу ахчано а йоккхучу санах гуллуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG