ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнна дихкина Трампа Шемарчу курдашна тIелатар


Твиттерерчу шен агIонехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда хаамбина, Шемара пачхьалкхан эскарш арадаха долорах. Ишта цо билгалдаьккхина, оцу юкъанна Шемахь йисинчу "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанийн позицешна тIе тохарш дийр ду аьлла. Трампа шога ларло аьлла Туркойчоьне, Шеман Къилба Малхбалерчу кIошташна тIехь контрол латточу, джихIадхошца къийсам латторехь шайн агIончаш болчу Шеман курдашна тIелатарх. Туркойчоьно дукхахйолу курдойн организацеш террорхойн санна лору.

"Дукха хенахь дуьйнна дийца долийна, Шемара эскарш арадаха долийна. Оцу юккъехула тайп-тайпанчу агIонашкара тохарш ду деш даIишхойн халифатах дисинчу дакъошна", аьлла яздина президенто кIирандийнахь Твиттерехь. Кхи дIа яздо Трампа: "Экономикан агIор хIаллакйийр ю оха Туркойчоь, нагахь иза тIелатахь курдашна", аьлла.

Ишта курдашна дихкина Iамеркан президенто Туркойчоьнна провокаци яр а. "Суна ца лаьа курдаша Туркойчоьнна а, Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а, Шемана а провокаци ян. "Исламан пачхьалкх" хIаллакъярехь уггар а доккха дакъа лаьцна цара. Тхоьгара баркалла ду царна, амма хIинца эскарш цIа дерзо деза", - яздина Трампа.

Туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа бехкбаьккхина Трампан къоман кхерамзаллехула волчу гIоьнчера Болтон Джонера, Шемара Iамеркан эскарш арадахар курдошна тIе ца лата Туркойчоьне чIагIо а йойтуш нисдарна.

Reuters агенталло шоьтадийнахь хаамбира, Шемаца дозанерчу Хатай провинце танканийн а, гIагI диллинчу машенийн а ковра оьзна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG