ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германига тховкIело йоьхучийн терахь лахделла догIу


Германига политикан тховкIело йоьхучийн терахь лахделла гойту кхоалгIа шо а ду. Дахначу шарахь миграцин, мухIажирийн Федералан хьукмате тховкIело йийхира 186 эзар кхечу пачхьалкхийн бахархоша. 2017-чу шарца дуьстича, 16, 5 процентна кIезиг ду терахь, хаамбо кIирандийнахь немцойн Bild am Sonntag хьостано.

Германин арахьарчу гIуллакхийн пачхьалкхан секретарна Тайхман Хельмутна хетарехь, миграцин хаттарехь хийцамаш билгалбевлла.

"2015-чу шарахь Iаламат дукха бара чуоьху мигранташ, ткъа тахана гучу суьртаца, лахара ду тховкIело йоьхучийн терахь", - аьлла Тайхмана Bild am Sonntag гIирсе.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 2018-гIа шо юккъе даьллачу заманчохь юкъаяьккхина "миграцин инарла план" бахьана долуш хила а тарло ишта ситуаци, билгалдаьккхина министраллан пачхьалкхан секретаро.

Стохка Германехь дIатарбала гIертачийн терахь, Германехь куьйгалла дечу ХДС\ХСС а, СДПГ блокашна юкъахь тIечIагIдинчу коалицин бертан кехатца а догIуш магийначу 180 эзарна тIера 220 эзаре ца делира.

"Немецкая волна" хьостано хаамбарца, Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло дукха хан йоццуш дIахьедира, 2019-чу шарахь 166 эзар тховкIело йоьхучуьнга ладогIа дагахь ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG