ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пийсиг хьокхуш хинкеманца къийсалучу спортхоша кечамаш бийр бу Къоьзан-IамтIехь


Оьрсийчоьнан Олимпикан пийсиг хьоькхуш хинкеманца къийсалун спортхой 35 шо даьллачул тIаьхьа дуьххьара гуллуш бу Нохчийчуьрчу Къоьзан-Iам тIехь. ТАСС агенталле бина цунах хаам курортан директоро Успанов Юнис.

"Оьрсийчоьнан 50 спортхочо хIинцале а дIайолийна тренировкаш тхан курортан декъа тIехь. КарабогIучу беттан 4-чу кхаччалц тоба вовшахкхетар ю. Пийсиг хьоькхуш хинкеманца къийсалучу спортхошна лерина йина яра "Къоьзан-Iам" база. Ткъа хIинца 35 шо даьллачул тIаьхьа, ала мегар ду, уьш шайн цIа баьхкина", - аьлла, Успановс.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь лаьтта Къоьзан-Iам - Къилбаседа Кавказехь а уггар а лекхачу лаьмнашлахь бу. Цуьнан йистехь ю когсаласаш хоьхку курорт, шена чохь хьешан цIа а, когсалазийн инфраструктура а, спорткомплекс а, коттеджаш а, ресторан а, хинкеман станци а, пирс а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG