Шо карадеачхьана кху беттан 9-чу дийнера 13-че кхаччалц Къилбаседа Кавказехь герзаш дийлина 4 стаг вийна, 2 чевнаш йина. "Кавказан узел" агенталло шайн материалаш а, кхечу йиллинчу хьостийн артиклаш а листина бинчу талламан зераш ишта ду.
Байинчарлахь ву Дагестанера гIаттамхой хилла аьлла, билгалваьккхина кхоъ, важа ГIалгIайчоьнан полицин белхахо хилла.
ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а полисхошна тIелатар
Дахначу пIераскандийнахь Дагестанан некъан полисхойн постна тIелеттера машенахь воьду кхо стаг, хаамбира Къоман антитерроран комитето (НАК). Оцу машенна тIаьхьа а бевлла, автомобил саца а яй, герз охьа а диллий, карадуьйла аьллачу полисхошна дуьхьал герз диттинера цара, дийцина НАК-о. ТIелетта кхоъ вен каяьллера полисхойн. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана юкъа кегийрхой ийзорна бехке хиллера уьш. Каспийскехь леллачу, 2017-чу шарахь контртерроран операци йоьдучу хенахь байинчу тIемалошна гIо латтош хиллера цара, чIагIдо Къоман антитерроран комитето.
ГIалгIайчоьнан Сунжа-кIоштахь экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочун Эльджаркиев ИбрехIиман машенна тIе герзаш диттира кху шоьтадийнахь, хаамбина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Эльджаркиев дийна висина, цуьнца машен чохь хиллачу кхаа ницкъахочунна чевнаш йинера.
ШолгIачу дийнахь дарбан цIийнехь кхелхира царех цхьаъ, хааме даьккхина лоьраша.