Лахьан - баттахь Iаьржачу хIордан тIехь оьрсийн дозанхоша дIалецна Украинан хIордахой кхи дIа а чохь буьтуш сацамбан гIерта Москохара Лефортовн кхел шинаридийнахь. Охан-беттан 26-чу дийне кхаччалц украинхойн кеманийн экипажаш лецна битар доьху талламчаша.
Кхелан кхеташонехь хила дагахь хиллера Лакхарчу Радан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йина Денисова Людмила а, лецначийн гергарнаш а. Амма Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша ладегIарш къевлинчу неIаршкахь дIадахьар дехна.
Зуламан-процессуалан кодекс ФСБ-но шен дехарца шога дохийна лору адвокаташа.
Маршо Радионо яздира, Лахьан-беттан 25-чохь Украинан кхо тIеман хIорда кема лацарх Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.
ТIаьхьо оьрсийн кхело Украинан 24 хIордахо шина баттана чохь сацош сацамбира.