ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Доналд: "Оьрсийчоьнан аьтто бан со цкъа а ца гIиртина"


"Оьрсийчоьнан аьтто бан со цкъа а ца гIиртина"- аьлла, жоп делла президенто Трампа, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа тидам тIебахийтинчу пачхьалкхехь шуьйра девзачу газеташа Iораяьккхинчу шина публикацех вистхуьлуш. The New York Times газетано пIераскандийнахь хааме даьккхина, президенто ФБР-н куьйгалхо Коми Джеймс даржах ваьккхинчул тIаьхьа, цунна гонах талламаш болийна аьлла. Журналисташца къамел деш, Трампа и нах "сийдоцуш бу" аьлла.

Шоьтадийнахь The Washington Post газетано Iорадаьккхира, 2017-чу шарахь Гамбургехь Путин Владимирца цхьанакхеттачул тIаьхьа, Трамп Доналда Iамеркан гочдархочуьнгара, цу цхьанакхетарехь цо дина хилла йозанаш схьадаьхнера аьлла. Оха динчу къамелах информаци, ур-аттала администрацин белхахошка а цхьана нахала яккха хьан бакъо яц аьлла, дIахьедина хиллера президенто. Оцу вовшахкхетарехь хIетахь пачхьалкхан секретарь хилла Тиллерсон Рекс а хиллашехь, и информаци Трампан критикаша сингаттамца тIеийцира.

Оршотдийнахь президенто дIахьедина, юьйцучу инцидентех шена хууш хIума дац аьлла. Кхиаме дара аьлла цо Путинца хилла цхьанакхетар. "Инзаре хIуммаъ дац кхузахь. Цу кепара цхьанакхетарш тхан даим а хуьлу", - аьлла Трампа.

Низамаш юкъадохучу масех демократо дIакхайкхийна, шаьш Трампан гочдархо юкъа а ялийна, гIуллакхах талламбан дохку аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG