ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лазийначу гIалгIайн полисхочунна Нохчийчохь дарба дийр ду


ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштахь машенна тIе герзаш деттачу хенахь лазийна полисхо Нохчийчуьрчу медико-санитаран батальоне охьавиллина дарба дан. "Интерфакс-Юг" агенталле бина и хаам шинаридийнахь республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

"Полицин лахарчу лейтенантан Хамхоев Адаман могушалла цхьатеррачу тIегIанехь ю. Лоьраша тIечIагIдарехь, дIасавуьгучу хьолехь а ву иза. Несарарчу дарбан цIийнера Нохчийчуьрчу Ханкалахь куп тоьхначу медико-санитаран батальоне валийна иза кхачо йоллу дарба дан", - аьлла, дийцина агенталлан хьостано.

Маршо Радионо зорбане даьккхира, дахначу шоьтадийнахь ГIалгIайчохь "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постна гергахь тIелатар дарх республикерчу экстремизмна дуьхьало латтточу Центран ("Э" Центр) хьаькамна Эльджаркиев ИбрехIимна. Иза чохь волчу машенна герзаш диттинера "Лада Гранта" чуьра.

Болчу хаамца, хьаькам ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш йинера. Царех цхьаъ – 27 шо долу Плиев Зоврбек кхелхина аьлла делира шолгIачу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG