ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь некъан хьовзамехь виъ стаг лазийна


Нохчийчоьнан Грозненск кIоштахь дуьхь-дуьхьал кхеттачу машенашкара виъ стаг лазийна: машенлелорхо а, цуьнца хилла кхо пассажир а. Кеп-кепарчу чевнашца дарбан хIусаме кхачийна уьш. Оршотан буьйса юкъал тIехъяьллачу заманчохь хилла ю и инцидент Гикало эвлахь. Porsche Cayenne а, Лада Priora а ю вовшахкхеттарг.

Лада Priora олучу автомобилан шофер а, цуьнца хилла нах а бу лоьмар 9 йолчу Соьлжа-ГIаларчу лазартне балийнарш.

"Кавказский узел" агенталле некъан полисхойн декъерчу хьостано дийцарехь, лазийначех цхьаъ чолхечу хьолехь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG